bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Colossians 3
Colossians 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
1
Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла.
2
Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза.
3
ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду.
4
Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догӀур ду.
5
Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хӀаллакбелаш: нахаца лелар, цӀена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хӀунда аьлча сутара хилар цӀушна Ӏамал яр санна ду).
6
Иштта дерг лелорна муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло тӀейогӀур ю.
7
Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хӀуманех дуьзна долчу хенахь.
8
Ткъа хӀинца и шадерг дӀадаккха: дералла, оьгӀазалла, хьагӀ, вониг дийцар, боьха бага леяр.
9
Вовшашка харц ма ле, хӀунда аьлча шайн шира адам цуьнан гӀуллакхашца цхьаьна аша дӀа ма тесна.
10
Керла адам а хилий, дӀахӀитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц.
11
Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.
12
Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш.
13
Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра.
14
Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хӀуманашна тӀетоха. Массо а хӀума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу.
15
Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила.
16
Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.
17
Дашца я гӀуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Ӏийсан цӀарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.
18
Зударий, шайн майранашна муьтӀахь хила, хӀунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна.
19
Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила.
20
Бераш, массо а хӀуманна тӀехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хӀунда аьлча иза Далла хазахетарг ду.
21
Дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама.
22
Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хӀуманна тӀехь муьтӀахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Ӏаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцӀена а лела.
23
Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна.
24
Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгӀатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гӀуллакх деш волу Эла ма ву.
25
Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4