bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jonah 4
Jonah 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
1
Юнусана иза чӀогӀа халахийтира, цундела иза оьгӀазвахара.
2
ТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гӀала, хӀунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.
3
Ткъа хӀинца, Веза Эла, дӀаэцахь сан са, хӀунда аьлча суна валар гӀоле ю-кх, вехачул».
4
ТӀаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгӀазваха?»
5
Цул тӀаьхьа Юнус, гӀалара ара а ваьлла, гӀалин йистехь малхбалехьа йолчу агӀор охьахиира. Цигахь цо шена бун йира. Оцу бун чохь ӀиндагӀе а хиъна, гӀаланах хӀун хуьлу-те бохуш, хьоьжуш Ӏара иза.
6
ТӀаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тӀехула ӀиндагӀ хилийтархьама а, цхьа орамат кхиийра. Иза Юнусал а лакхаяьлла хьалакхиира. Юнусана и орамат чӀогӀа хазъелира.
7
Цул тӀаьхьа Дала иштта нисдалийтира: шолгӀачу дийнахь сатоссучу хенахь цу ораматан бух нӀаьно, баа а биъна, талхийра. ТӀаккха орамат якъаелира.
8
Малх кхетча, Дала малхбалехьара чӀогӀа бовха мох балийтира. Малхехь Юнусан корта чӀогӀа батталора. Цуьнан са малделлера, тӀаккха шена валар дийхира цо: «Валар а гӀоле ду-кх, иштта вехачул», — бохуш.
9
Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгӀазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?» Юнуса элира: «Ю сан бакъо, со валлал чӀогӀа оьгӀазвахана!»
10
ТӀаккха элира Везачу Эло: «Хьуна къахетта оцу ораматах, цхьана буса хьала а яьлла, цхьана буссехь хӀаллакьхилла йолчу, айхьа цунна тӀехь къахьегна доццушехь, иза айхьа кхиийна доццушехь.
11
Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бӀе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гӀаланах?»
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
All chapters:
1
2
3
4