bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jude 1
Jude 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
1
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лено, Якъубан вашас, ЯхӀуда Дала тӀекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас ларбечу а нахе:
2
Делан къинхетам а, синпаргӀато а, безам а совболийла шуна юкъахь.
3
Хьоменаш! Вайн массеран а кӀелхьардовларх яздан кӀорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чӀагӀдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна,
4
хӀунда аьлча шуна уллохь хӀилланца нисбелла цхьа Ӏеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дӀаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса, тӀе ца оьцу цара.
5
Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.
6
Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хӀусам дӀатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама.
7
Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Ӏамор а, царна гонахара гӀаланаш а. Маьттаза хӀуманаш лелийна йолу а, боьха гӀуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цӀеран таӀзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.
8
Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догӀмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо.
9
Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Ӏоттар еш бехке хӀума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таӀзар дойла хьуна».
10
Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хӀуманаш бахьана долуш цара шаьш хӀаллакбо.
11
Къа ду церан, хӀунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиӀам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гӀевттира уьш, ткъа иза санна, хӀаллак а хир бу уьш.
12
Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьӀаьржачу хӀиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Ӏаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догӀа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу.
13
Шайн эхьечу гӀуллакхийн чопа тӀеяьлла йолу хӀордан буьрса тулгӀенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Ӏаьржачу боданехь меттиг кечйина долу.
14
Адаман ворхӀалгӀачу тӀаьхьенах волчу ХӀаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогӀуш
15
массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Ӏеса нах цара дина Ӏеса гӀуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кӀоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а».
16
Цхьана а хӀуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш.
17
Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалша хир ду аьлларг.
18
Цара бехира шуьга, тӀаьхьарчу хенахь богӀур бу шайн Ӏесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах.
19
Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тӀаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац.
20
Ткъа аша, хьоменаш, шайн уггар дезачу динехь чӀагӀ а луш, Делан Синан гӀоьнца доӀанаш а деш,
21
Делан безамехь шаьш Ӏалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш.
22
Шеко йолуш болчаьрца къинхетаме хила,
23
вуьш, цӀергара схьа а бохуш, кӀелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза.
24
Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан.
25
Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вай кӀелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хӀинца а, абаденналц а. Амин.
Jump to:
Chapter 1
All chapters:
1