bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Obadiah 1
Obadiah 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
1
Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга, тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра: «ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» — аьлла.
2
«Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара.
3
Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“
4
Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», — боху Везачу Эло.
5
«Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?
6
Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!
7
Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»
8
«Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, — боху Везачу Эло. —
9
Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу, ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».
10
«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна, шуна тӀе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.
11
Церан хьал хийрачу наха дӀахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.
12
Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь.
13
Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гӀуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тӀе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь.
14
Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама, дийна биснарш дӀабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.
15
Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тӀе доьрзур ду.
16
ХӀунда аьлча Сан безачу лам тӀехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дӀадоккхур ду, тӀаккха, цкъа а ца хилча санна, дӀа а девр ду уьш.
17
Ткъа кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дӀахӀуттур бу. Якъубан цӀийно шена бакъонца догӀуш долу латта тӀаьхьалонна доладоккхур ду.
18
Якъубан цӀийнах цӀе хир ю, Юсупан цӀийнах цӀеран алу хир ю, ткъа Ӏесаван цӀийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТӀаккха цхьа а дийна вуьсур вац Ӏесаван цӀийнах». Иштта боху Везачу Эло.
19
«Ӏесаван лам къилберачу яхӀудхоша дӀалоцур бу, ткъа акъарешна чуьра болчара пӀелаштамхой кара а берзор бу, Эпраймера а, Шамранера а аренаш дӀа а лоцур ю. Бен-Яманан тӀаьхьено ГалӀад-мохк схьабоккхур бу.
20
Исраил-мехкан къилбаседерчу агӀонера махкахбаьхначеран эскаро, юха а деана, КанаӀанан латта Сарпат-гӀалина тӀекхаччалц дӀалоцур ду, ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад цӀе йолчу меттигехь баха ховшийначара ЯхӀуд-мехкан къилбера гӀаланаш схьайохур ю.
21
КӀелхьардаха богӀуш берш Цийон-лам тӀе богӀур бу Ӏесаван ломана тӀехь олалла дан. ТӀаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».
Jump to:
Chapter 1
All chapters:
1