bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Philemon 1
Philemon 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
1
Оха, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,
2
иштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тӀемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цӀерачу динан тобане а.
3
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
4
Даим сайн доӀанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса.
5
Ӏийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна.
6
Аса доӀа до Ӏийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш.
7
Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.
8
Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цӀарах хьоьга майрра дӀахьедан йиш ю сан.
9
Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахӀал ву. Цул сов, хӀинца, Дала леррина Къобалвинчунна Ӏамал ярна, со тутмакх а ву.
10
Сайн кӀант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса.
11
Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам. Ткъа хӀинца иза хьуна а, суна а пайденна ву.
12
Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дӀалуш санна.
13
Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гӀуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна.
14
Делахь а хьан пурба доцуш хӀумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гӀуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна.
15
Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дӀавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тӀелацийтархьама нисдина хила а ма тарло.
16
Лай тӀеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тӀеэцахьара ахьа иза. Суна чӀогӀа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву.
17
Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тӀеоьцуш санна, тӀеэцахьа иза а.
18
Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тӀелоцу.
19
Аса, ПахӀала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дӀатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац.
20
Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гӀуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна.
21
И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла.
22
Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доӀанашна жоп а луш, со шу долчу дика дӀакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан.
23
Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а,
24
соьца цхьаьна динан гӀуллакх дӀакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.
25
Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика хуьлийла шуьца.
Jump to:
Chapter 1
All chapters:
1