bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Peter 2
1 Peter 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
1
Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха!
2
Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама,
3
хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».
4
Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу.
5
Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.
6
ХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тӀулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
7
Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна: «ГӀишлош еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг, хилла, дӀахӀоьттина».
8
Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало — иштта кхоллам бу церан.
9
Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
10
«Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хӀинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».
11
Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш.
12
Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.
13
Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду,
14
куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу.
15
ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо.
16
ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду.
17
Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.
18
Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а.
19
Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.
20
ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду.
21
Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву.
22
«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».
23
Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дӀалора.
24
Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.
25
Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу, ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5