bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Peter 5
1 Peter 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
1
ХӀинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас.
2
Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Ӏалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега.
3
Шайн куьйга кӀелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе.
4
ТӀаккха, коьрта Ӏу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна.
5
Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».
6
Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кӀел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.
7
Берриг а шайн гӀайгӀанаш Цунна тӀе яхка, Иза шун бала болуш ву!
8
Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш.
9
Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чӀагӀде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.
10
Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КӀеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чӀагӀо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.
11
БӀеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин.
12
ХӀара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гӀоьнца яздина, шу иракарахӀитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тӀехь чӀоггӀа латта!
13
Шу санна, Бавел-гӀалара Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кӀанта Марка а маршалла доуьйту шуьга.
14
Доггах, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
All chapters:
1
2
3
4
5