bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Peter 1
2 Peter 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас.
2
Дела а, вайн Веза Эла волу Ӏийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргӀато а совйолийла шун.
3
Ӏийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хӀунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна.
4
Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгӀаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.
5
Цундела аша берриг а ницкъ тӀебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха.
6
Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха.
7
Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха.
8
Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу.
9
Ткъа иза шеца доцург бӀаьрзе ву. Цунна хӀумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цӀанвар.
10
Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.
11
Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КӀелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.
12
Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тӀехь шу чӀагӀдина делахь а.
13
Суна нийса хета, хӀара дегӀан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар.
14
Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегӀах къаста дезаш хилар.
15
Со шух къаьстинчул тӀаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.
16
ХӀунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Ӏийса-Эла вогӀур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду.
17
ХӀунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тӀе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кӀант ву, Цуьнца бу Сан лаам!»
18
Стигалара деана и аз тхуна хезира, Ӏийсаца безачу лам тӀехь тхо долуш.
19
Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тӀе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Ӏуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц.
20
Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар.
21
ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3