bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Peter 2
2 Peter 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
1
Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.
2
Дукхахберш, царах дӀа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу.
3
Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.
4
ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита.
5
Хьалха заманахьлера Ӏеса адам хӀаллакдина Дала, тӀе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархӀ са кӀелхьардаьккхина Цо.
6
ХӀаллакьян кхел а йина, чим бина дӀаяьхна Цо Седам а, Ӏамор а цӀераш йолу гӀаланаш, Ӏесачу нахана хиндолчун масал гойтуш.
7
Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутӀа кӀелхьарваьккхина Цо.
8
(ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.)
9
Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а,
10
къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а. КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру.
11
Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу.
12
Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тӀе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хӀаллакьхир бу.
13
Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар — дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хӀума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь.
14
Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш.
15
Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла.
16
Амма шен харцонна тӀехь бехке вина БалиӀам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.
17
Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.
18
Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара.
19
Цу нахана паргӀато яла ваӀда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь — стаг ша мел эшийначун лай ма ву.
20
Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.
21
Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул.
22
Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу», кхин а: «ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3