bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Habakkuk 1
Habakkuk 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
ХӀара бу Хьабукъа-пайхамарна Делера кхаьчна болу хаам.
2
Веза Эла, ас орца мел дохур ду те — Хьуна дӀа а ца хезаш, ас цӀогӀа мел хьоькхур ду те — къизалла ечух Ахь кӀелхьар а ца воккхуш?
3
ХӀунда хьоьжуьйту Ахь со зуламашка? Муха лов Ахьа харцонашка хьежар? Суна хьалха хӀаллакдар а, къизалла яр а ду. Массанхьа а девнаш а, къийсарш а ду.
4
И бахьана долуш Ӏедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Ӏесачо Делан лаамехь верг кӀелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу.
5
ТӀаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чӀогӀа цецдевр ду, хӀунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду Ас.
6
Ас хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.
7
И халкъ кхерам тосуш а, нах Ӏадош а ду. Цара еш йолу кхел а, церан олалла а цаьргара шайгара схьадолу.
8
Церан говраш цӀоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богӀу, церан дошлой геннара схьабогӀу. Ижуна тӀекхета аьрзу санна, тӀемабевлла схьабогӀу уьш.
9
Мехкашна чу а гӀерташ, церан эскарш ницкъ бан Ӏалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогӀу. Цара йийсархой дӀалоцу, гӀум санна.
10
Цара паччахьаш хьийзабо, баьччанех царна белам хилла. Муьлххачу а чӀагӀонах бийлало уьш, го беш, баьрзнаш а хӀиттадой, уьш дӀалоцу цара.
11
ТӀаккха уьш, чехка мох санна, тӀех а бевлла, дӀабовлу. Уьш къилахь нах бу, хӀунда аьлча шайн ницкъах шайна дела кхоьллина цара».
12
Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таӀзар дайтархьама.
13
Вонашка хьежа тӀех цӀена бу Хьан бӀаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Ӏалур ма вац! Тешнабехк лелораш хӀунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?
14
ХӀунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чӀерий а, шайна тӀехь олахой боцу текхаргаш а санна?
15
Хашадхоша уьш берриш а мӀерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дӀа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш.
16
Цундела цара сагӀанаш дахьа шайн эвнна, кӀур а туху шайн бойнна. ХӀунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.
17
Даим яссо мега те цара шайн эвнаш, къа ца хеташ даим халкъашна ницкъ бан мега те цара?
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3