bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Habakkuk 3
Habakkuk 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
1
Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма санна даьккхина доӀа.
2
Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна. Веза Эла! Хьан гӀуллакхашка ларамах вуьзна ву со. Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта, тхан заман чохь и гӀуллакхаш кхин а гучудахахьа! ОьгӀазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа.
3
Дела Теманера схьавогӀу, Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу. Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу.
4
Цуьнан лепар малхан серло санна ду. Ницкъ къайлабаьлла болчу Цуьнан куьйгах зӀаьнарш юьйлу.
5
Цунна хьалха кхераме цамгар йогӀу. Цуьнан гӀулчашкахь Ӏожаллин ун лела.
6
Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дӀахьаьжча, халкъаш тохало. БӀешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду.
7
Суна го, хушанхойн четарш гӀайгӀанехь хилар, маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар.
8
Хишна оьгӀазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тӀе йирзина те Хьан оьгӀазалла? ХӀордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гӀудалкхаш лоьхку Ахь?
9
Ахь схьадоккху Хьайн секхаӀад, Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ахь Ӏоврашца хедадо латта.
10
Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КӀоргачу хӀордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу.
11
Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна.
12
Хьо оьгӀазаллехь лела лаьтта тӀехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу.
13
Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кӀелхьардаккхархьама, Айхьа къобалдинарг кӀелхьардаккхархьама. Ахь Ӏесачийн халкъан коьртехь волчунна туху, бух тӀера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш.
14
Ахь цуьнан тӀемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво, тхо дӀасадаржо, дарц санна, уьш тӀехьаьддачу дийнахь, хазахетарца мисканиг къайлаха дӀакхалла дагахь.
15
Ахь Хьайн говрашца хӀорд хьоьшу, сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш.
16
Суна хезира — сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьӀахкех лазар кхийтира, сан когийн кӀелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тӀелеттачу халкъана тӀе догӀучу бохаман дийне.
17
Инжиран дитто заза ца даккхахь а, кемсийн таьллангана тӀе стом ца латабахь а, зайтдитто сатийсинарг ца лахь а, аренаша ялта ца лахь а, жоьлехь уьстагӀий ца дисахь а, божалахь даьхний ца дисахь а,
18
тӀаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кӀелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.
19
Хьалдолу Эла — сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
All chapters:
1
2
3