bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Haggai 1
Haggai 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 2 →
1
Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара.
2
Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цӀа до хан хӀинца а ца кхаьчна“».
3
Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хӀара хаам кхечира:
4
«Ткъа, хӀара Сан цӀа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цӀеношкахь шу Ӏан мегаш йолу хан тӀекхаьчний?
5
Цундела хӀинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе.
6
Аша дуккха а дӀадоь, амма кӀеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тӀе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Ӏуьрг долчу кисана доьду“.
7
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе.
8
Лаьмнаш тӀе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тӀаккха Делан цӀа юхаметтахӀоттаде. И гӀуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, — боху Везачу Эло.
9
„Аша дуккха а долчу хӀумане сатуьйсу, амма кӀеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цӀа деанарг, Аса Сайн садеӀарца дӀадаьккхина. ХӀунда ду иза иштта? — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Шу хӀорра а, сихло, шайн-шайн цӀа доьлхучу хенахь, Сан цӀа хӀинца а доьхна лаьтта дела ду иза.
10
И бахьанехь стигал а дӀакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна.
11
Аса лаьттахь а, лаьмнаш тӀехь а йокъа хӀоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагӀар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“».
12
ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ.
13
ТӀаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хӀара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ — боху Везачу Эло».
14
ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира.
15
Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 2 →
All chapters:
1
2