bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Haggai 2
Haggai 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
1
ВорхӀалгӀачу беттан ткъе хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элера хӀара хаам кхечира:
2
«ХӀинца иштта дӀаала ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабеле а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀе а, дисинчу халкъе а:
3
„Мила висина шуна юкъахь, хӀара цӀа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хӀинца муха гуш ду шуна хӀара? Шун бӀаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах?
4
ХӀинца доьналла долуш хила, Зурбабел, — боху Везачу Эло, — доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаӀ, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀант! Доьналла долуш хила лаьтта тӀехь мел долу халкъ! — боху Везачу Эло. — Белхаш бе, хӀунда аьлча Со шуьца ву, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
5
Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чӀагӀоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидӀа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“»
6
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин а цкъа, иза-м кестта хир долуш ду, Ас стигал а, латта а, хӀорд а, екъа меттигаш а егор ю.
7
Ас дерриг а халкъаш а дегор ду, ткъа массо а халкъашна езаш йолу еза хӀуманаш кхуза яхьар ю. ХӀара цӀа сийлаллах дузур ду Ас, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
8
Дети а, деши а Сан ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
9
ХӀокху керлачу Делан цӀийнан сийлалла хьалхалерчу цӀийнан чул а лакхаер ю, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — ХӀокху меттехь лур бу Ас машар, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло».
10
Дари-Вашас паччахьалла дечу шолгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира.
11
«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Товрат-хьехамах лаьцна динан дайшка хаттарш а де, иштта дӀа а ала:
12
‘Нагахь санна цхьамма шен бедаран юьха чохь Далла лерина даздина долу жижиг дахьачу хенахь, цуьнан юх баьпках, я кхехкийна йолчу хӀуманах, я чагӀарх, я зайтдаьттанах, я кхин йолчу юучух дӀахьакхалахь, — иза даздина хир дуй те?’“» Динан дайша жоп делира: «Дац», — аьлла.
13
Цул тӀаьхьа Хьагайс иштта хаьттира: «Нагахь санна оцу хӀуманех, докъах куьг тоьхна Далла хьалха бехвелларг дӀахьакхалахь, уьш бехъелла хир юй те?» Динан дайша жоп делира: «Бехъелла хир ю», — аьлла.
14
ТӀаккха Хьагай-пайхамаро, жоп а луш, иштта элира: «Иштта ду хӀара халкъ, иштта ду Суна хьалха хӀара къам, — боху Везачу Эло, — иштта ду церан куьйгаша мел деш долу гӀуллакхаш а! Цара Суна цигахь мел доккху сагӀа Суна хьалха боьха ду».
15
«ХӀинца, таханлерчу дийнахь дуьйна, кхидӀа а леррина ойла ейша ас олучун. ТӀулга тӀе тӀулг а хӀоттош, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀотто шу дуьйладалале, иштта нислора:
16
ткъа сахь кӀа даккха дагахь волу стаг кӀен оьланна тӀевеача, цунна цигахь итт сахь бен ца карадора. Пхи черма мутта схьаэца дагахь муттдоккхургана тӀевеанчунна цу чохь ши черма бен ца карадора.
17
Шун куьйгаша мел динчунна Ас кӀен кӀора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тӀаккха а Суна тӀе ца доьрзура шу, — боху Везачу Эло. —
18
Леррина ойла ейша таханлерчу дийнахь дуьйна, уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь дуьйна. Везачу Элан цӀийнан бух дӀахӀоттийначу дийнера дуьйна хиллачун леррина ойла ейша.
19
Дуй те хӀинца а ялтийн чоьнаш чохь хӀу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хӀинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду».
20
ХӀокху беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь шолгӀа а Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира:
21
«ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дӀаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду.
22
Ас харцор ду паччахьийн гӀанташ, хӀаллакбийр бу хийрачу пачхьалкхийн ницкъ. Ас гӀудалкхаш а, царна тӀе хевшинарш а харцор бу. Говраш охьаоьгур ю, церан дошлоша вовшийн таррашца хӀаллакбийр бу.
23
Оцу дийнахь, — боху Везачу Эло, — хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кӀант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пӀелга тӀехь долу мухӀар санна латтор ву, хӀунда аьлча хьо Ас къастийна ву, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло“».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
All chapters:
1
2