bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
James 1
James 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 2 →
1
Делан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду.
2
Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту.
3
Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла.
4
И собар кхачаме хилла дӀахӀотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта.
5
Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
6
Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хӀунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгӀенах тера ву.
7
Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тӀеоьцур ду алий, дог а ма даха.
8
Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хӀуманна тӀехь чӀагӀо а йоцуш.
9
Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза,
10
ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хӀунда аьлча иза дӀавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна.
11
Малх хьала а гӀоттий, йовхо йогӀу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дӀайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гӀуллакхаш а деш, дӀаволу.
12
Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.
13
Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хӀуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь.
14
Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу.
15
Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Ӏожалла кхуллу.
16
Шаьш Ӏеха ма дайта, сан хьомсара вежарий.
17
Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
18
Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.
19
Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогӀарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгӀазаллина а собаре хила веза,
20
хӀунда аьлча адаман оьгӀазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту.
21
Цундела муьлхха а хьарам хӀума а, вон мел лелар а дӀадаккха. Далла муьтӀахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кӀелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тӀеэца.
22
Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугӀурш бен а ца хилла, шаьш Ӏехочарах тар а ца луш.
23
ХӀунда аьлча, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву.
24
Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло.
25
Амма Делан кхачаме болчу а, паргӀато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидӀа а тидам а беш, вицлуш волу ладогӀархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь декъалвина хир ву.
26
Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Ӏехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду.
27
Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5