bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
James 2
James 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
1
Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш.
2
Нагахь шун гуламе, дашо мухӀар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а,
3
аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дӀахӀотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа».
4
Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух?
5
ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те?
6
Ткъа аша къениг дӀатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?
7
Шуна елла сийлахь цӀе сийсазъеш бац уьш?
8
Нагахь Делан Йозанашна тӀера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду.
9
Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо.
10
Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу.
11
«Нахаца ма лела», — Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тӀедиллинарг дохош волу зуламхо ву.
12
ПаргӀато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гӀуллакх а де.
13
ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.
14
ХӀун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гӀуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кӀелхьарвоккхур вуй иза?
15
Нагахь вешина я йишина тӀеюху хӀума а, кхача а эшахь,
16
ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дӀагӀо, дох а ло, дуззалц хӀума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хӀун пайда бу цуьнан?
17
Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гӀуллакхаш дацахь, иза делла ду.
18
Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна.
19
Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх — ткъа уьш кхерарна дегадо!
20
Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гӀуллакхашца доцу тешар эрна дуйла?
21
Шен гӀуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахӀим, шен кӀант Исхьакх сагӀа доккхучу меттиган тӀулгашна тӀе а виллина?
22
Гой хьуна, цуьнан тешар гӀуллакхашца цхьаьнадогӀуш хилла, и гӀуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла.
23
Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахӀим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагӀа элира.
24
Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гӀуллакхашца, тешарца хилла а ца Ӏаш.
25
Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гӀуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тӀе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дӀа а хьовсийна.
26
Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5