bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joel 1
Joel 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
Патуалан кӀанте Юале Везачу Элера хаам хилира.
2
ЛадогӀа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хӀара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь?
3
ДӀахаийта хӀара шайн берашка, цаьрга а дӀадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка — хинйолчу тӀаьхьене.
4
ЦӀазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгӀачу арданго чекхдоккхура.
5
Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагӀар муьйлурш, шайн багара иза дӀадаьккхина дела!
6
Сан лаьтта тӀе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш — стечу лоьман санна ю.
7
Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дӀакхиссина! Церан гаьннаш а кӀайделла.
8
Сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоӀстаг санна, делхийша!
9
ДӀасецна Везачу Элан цӀа чохь кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гӀуллакх деш болу динан дай.
10
Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хӀаллакдина, кемсийн мутт дӀалекъна, зайт-дитт а маргӀалдоьлла.
11
Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гӀайгӀане хилийша кӀена а, мекхана а, хӀунда аьлча хӀаллакьхилла кхаш тӀехь ялта.
12
Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргӀалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Ӏожан дитт а — дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дӀадаьлла.
13
Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш! ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.
14
ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цӀа долчу. ГӀо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!
15
ЭхӀ, ма де ду-кх иза! ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.
16
Вайн бӀаьргашна хьалхара дӀа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?
17
ХӀуш хӀаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧӀоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела.
18
Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане.
19
Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦӀеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦӀеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ.
20
Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Ӏовраш якъаелла дела, цӀеро яьссачу аренан дежийлаш хӀаллакйина дела.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3