bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joel 2
Joel 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
1
Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тӀехь! Бегабойла хӀокху мехкан берриг а бахархой, хӀунда аьлча Везачу Элан де тӀедогӀу, иза герга ду.
2
И де боданан а, Ӏаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дӀасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цӀазан эскар тӀедогӀу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тӀеяллалц а хир дац.
3
Цунна хьалха дерг цӀеро дагадо, цунна тӀаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Ӏеданан беш санна ду, ткъа цунна тӀаьхьарниг — яссийна аре ю. Цунах цхьа а хӀума кӀелхьардалалур дац.
4
Цуьнан васт — дойн васт санна ду. Церан хахкадалар тӀеман говрийн санна ду.
5
Иза гӀудалкхийн гӀовгӀанца санна, ча догуш лелха цӀеран суйнаш санна, тӀамана дӀахӀоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела.
6
Иза шайна гича, дегор ду халкъаш, бос а байна, дӀахӀуьттур ю массеран а яххьаш.
7
Къовсабелларш санна бовду уьш, пенашна тӀе бовлу уьш, майра тӀемалой санна. ХӀора а шен-шен новкъа дӀавоьду, шен некъа тӀера ца вухуш.
8
Вовшийн а ца хьоьшуш, хӀораммо а шен некъ бо. Дуьхьалонашкахула уьш ма лелха, ткъа царна хӀумма а ца хуьлу.
9
ГӀали чухула бевдда лела уьш, пенашна тӀе хьалабуьйлу, цӀеношна чу гӀерта, къуй санна, корашкахула чулелха.
10
Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дӀайолу.
11
Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?
12
Амма Везачу Эло хӀинца а боху: «ТӀедерза Суна цӀеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.
13
Бедарш а ца этӀош, шайн дегнаш этӀаде». ТӀедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгӀаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу.
14
Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТӀаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха.
15
Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь, дӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, кхайкхийша халкъ динан гуламе.
16
Схьагулдейша халкъ, базбейша и гулам, схьакхайкхийша къаной, схьагулбейша къонахий а, декхаш долу бераш а. Араволийла хӀинца зуда ялийнарг ша вехачу хӀусамера, нускал а арадолийла шен цӀа чуьра.
17
Далла гӀуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тӀаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“»
18
ТӀаккха Везачу Элана Шен латта чӀогӀа дукхадийзира. Цо Шен долахь долчу халкъах къинхетам бира.
19
Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХӀан, Ас лур ду шуна ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Ӏийр ду шу. Ас кхин дӀалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.
20
Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду. Хи доцучу, баьссачу махка дӀаэккхор ду Аса иза. Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хӀорда чу кхуссур ю, ткъа тӀаьхьарниг — Малхбузе хӀорда чу. ТӀаккха цунах цхьа боьха хьожа йогӀур ю, яхкаеллачу хӀуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю, цо шуна сийлахь гӀуллакхаш дарна.
21
Ма кхерийша, аренаш, яккхийъейша, самукъане хилийша, Везачу Эло шуна сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
22
Ма кхерийша, дийнаташ! Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю. Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу, инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.
23
Даккхийде шу а, Цийонан кӀентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дӀаделира шуна догӀа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тӀаьхьа хуьлу а догӀа.
24
Хьаьттарш а ялтех юзур ю, муттдоккхургаш а кемсийн муттанах а, зайтдаьттанах а тӀехъюьзна хир ю.
25
Шу долчу Ас тӀехецначу эскаро — цӀазан хьалхара арданго а, цӀазан кхин мел йолчу ардангаша а — хӀаллак мел динарг, Ас меттахӀоттор ду.
26
Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша, шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.
27
ТӀаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар. Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац, Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу а хӀуттур дац».
28
«Цул тӀаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.
29
Ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь.
30
Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.
31
Малхах бода хир бу, баттах цӀий хир ду, Везачу Элан де тӀекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду.
32
Цу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3