bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Micah 5
Micah 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 6 →
1
Ярушалайман халкъ, мостагӀашна дуьхьалдаккха хӀинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тӀе Ӏаса еттар ю.
2
«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».
3
Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна.
4
ТӀаккха Цо, хьала а гӀаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цӀеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хӀунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дӀакхаччалц сийлахь хир ву.
5
Цуьнца машар хир бу. Ашурхой, вайн махка чу а баьхкина, вайн гӀепаш а кегъеш, чекхбевлча, вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу.
6
Цара Ашуран лаьтта тӀехь туьраца, ткъа Намрадан лаьтта тӀехь даьккхинчу туьраца олалла дийр ду. Ткъа Цо вай ашурхойх паргӀатдохур ду, уьш вайн лаьтта тӀе а, вайн дозанашка а бевлча.
7
Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тӀе догӀу кхевссина догӀа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Ӏийр а дац.
8
Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагӀийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кӀелхьарваккхалур вац.
9
Хьан куьг мостагӀашна тӀе айалур ду, уьш берриш а ахь хӀаллакбийр бу.
10
«Оцу дийнахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — Аса хьан дой а хӀаллакдийр ду, гӀудалкхаш а йохор ю.
11
Ас хьан лаьтта тӀера гӀаланаш а хӀаллакйийр ю, хьан массо а чӀагӀонаш а йохор ю.
12
Хьан карахь болу жинашца тайнарш а хӀаллакбийр бу, палтуьйсурш а хьан хир бац кхин.
13
Ас хьан цӀуш бохор а бу, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьуна юкъара хӀаллакдийр а ду, кхин Ӏамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хӀуманашна.
14
Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бӀогӀамаш дӀадохур ду, ткъа хьан гӀаланаш йохор ю.
15
Ас муьтӀахь доцучу халкъашна Сайн оьгӀазаллехь а, эргӀадаллехь а бекхам бийр бу».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7