bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Micah 7
Micah 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
1
Декъаза ю со! ХӀунда аьлча хӀинца суна хилларг — аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц.
2
Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцӀенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кӀело йина, цӀий Ӏанорхьама. ХӀорра а шен вешина речӀа югӀуш ву.
3
Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгӀаташ далар тӀедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Ӏедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.
4
Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг — кӀохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таӀзар ден долу де тӀекхочуш лаьтта. ХӀинца уьш боьхна хьийзар бу.
5
Вовшех а ма теша, доттагӀчух тешна а ма Ӏе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Ӏуьллучух.
6
ХӀунда аьлча кӀанта да сийсазвоккху, йоӀ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цӀеранаш цуьнан мостагӀий хуьлу.
7
Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кӀелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дӀахезар ву.
8
Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагӀа! Со охьавоьжнехь а, хьалагӀоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю.
9
Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгӀазло дӀакхоьхьур ю, сан гӀуллакх цхьалха а даьккхина, суна тӀехь Цо кхел яллалц. ТӀаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю.
10
Сан мостагӀчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» — соьга баьхна волу иза юьхьӀаьржачу хӀуттур ву. Сан бӀаьргаш Ӏебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича.
11
Хьан пенаш дӀахӀиттон де тӀекхочуш ду, хьан дозанаш къасторан де ду иза.
12
Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гӀаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тӀе, хӀордана тӀера хӀорда тӀе, ломана тӀера лам тӀе дӀакхаччалц богӀур бу хьуна тӀе.
13
Ткъа оцу лаьттах яьсса аре хир ю, цуьнан бахархойн бехкана а, церан гӀуллакхийн тӀаьхьенаш бахьана долуш а.
14
Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тӀаьхьенан уьстагӀий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалӀадехь а!
15
Мисар-мехкан лаьттара хьо арадоккхучу деношкахь санна, иштта инзаре гӀуллакхаш гойтур ду Везачу Эло цунна.
16
Уьш гича, шаьш мел нуьцкъала делахь а, халкъаш озалур ду. Цара шайн батош дӀакъовлур ю, церан лергаш къорлур ду.
17
Цара ченаш тӀе мотт хьоькхур бу, лаьхьано санна. Уьш шайн чӀагӀонаш чуьра арадевр ду, лаьттан нӀаьний санна. Уьш вайн Везачу Далла тӀе бегош боьрзур бу, Хьох кхоьруш а хир бу.
18
Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
19
Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.
20
Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7