bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Philippians 3
Philippians 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
1
Ткъа хӀинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду.
2
Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жӀаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до!
3
ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац.
4
Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Ӏен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Ӏен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду.
5
ХӀунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхӀалгӀачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Ӏебархойх схьаваьлла Ӏебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
6
Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Ӏийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хӀума доцуш вара со.
7
Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса.
8
Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,
9
Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Ӏийсах тешарна.
10
Дала леррина Къобалвинарг кӀоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Ӏожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна,
11
Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса.
12
Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со.
13
Динан вежарий! Оцу Ӏалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хӀума кхочушдо ас: сайна тӀехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тӀекхача гӀерташ ву со.
14
Иштта, сан Ӏалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула со стигала тӀекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгӀатна хьалха тӀекхача.
15
Ӏийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тӀехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дӀадоьллур ду.
16
Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.
17
Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш.
18
ХӀунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жӀаран мостагӀий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хӀинца-м, бӀаьрхиш а Ӏенош, дуьйцу аса.
19
Церан кхоллам — хӀаллакьхилар ду. Церан дела — гайна там бар ду. Эхьечу гӀуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хӀуманийн бен, ойла ца йо.
20
Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.
21
Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4