bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Philippians 4
Philippians 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
1
Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.
2
Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву!
3
Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.
4
Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!
5
Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.
6
Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта.
7
ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.
8
Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.
9
Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.
10
Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гӀайгӀа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хӀинццалц а дара сан гӀайгӀа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта.
11
Сайна цхьа хӀума оьшу дела, ца боху аса иза. ХӀунда аьлча сайна хӀуъа а тӀедеача а, со Ӏемина ву сайн долчух тоам а беш Ӏен.
12
Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна — со вуьзна я меца велахь а, со шортта хӀума долуш я хӀума оьшуш велахь а.
13
Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.
14
Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна.
15
Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра.
16
Аша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера.
17
Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас.
18
ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.
19
Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду.
20
Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.
21
Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.
22
Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цӀерачара.
23
Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
All chapters:
1
2
3
4