bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Titus 1
Titus 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
ХӀара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу а ПахӀалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а.
2
И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.
3
Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КӀелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дӀакхайкхор суна тӀедиллира.
4
Ӏийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кӀант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла хьуна.
5
Аса Критехь хьо витар хӀара Ӏалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гӀуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тӀедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гӀаланашкахь тхьамданаш дӀахӀиттабар а.
6
Ишттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала.
7
Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза.
8
Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда.
9
Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.
10
ХӀунда аьлча кӀезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Ӏехабо. Къаьсттина Ӏийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хӀара.
11
Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хӀаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза.
12
Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хӀара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тӀингар юзу малончаш а».
13
И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама.
14
Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тӀера дӀабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга.
15
Цхьаболчара олу: «ЦӀена болчарна массо а хӀума цӀена ду, ткъа къинош летийначарна а, Ӏийсах ца тешачарна а цхьа а хӀума цӀена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
16
Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3