bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Titus 2
Titus 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
1
Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догӀуш дерг хьеха.
2
Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цӀена хила безар а хьеха баккхийчу нахана.
3
Иштта баккхий зударий а кхетабе, цӀена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх.
4
Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар.
5
Собаре а, цӀена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтӀахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.
6
Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила
7
массо а хӀуманна тӀехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцӀена а, оьзда а хила.
8
Хьайн хьехам цӀена хилийта, тӀехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагӀа, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хӀума доцуш витархьама.
9
Лешна а хьеха шайн олахошна муьтӀахь хила безарх а, цара олахошна массо а хӀуманна тӀехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна.
10
Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КӀелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.
11
ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.
12
Ӏесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дӀа а тесна, собаре а, догцӀена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло.
13
Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а сийлалла схьадар.
14
Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.
15
ХӀара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хӀиттабе уьш, шен-шен метта а хӀиттош, дӀанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3