bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Thessalonians 1
2 Thessalonians 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо Тассалник-гӀалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешначийн тобане.
2
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
3
Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Ӏийсах тешарехь шу чӀагӀлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хӀунда аьлча шуна массарна а юкъахь хӀораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу.
4
Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.
5
Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хӀинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача.
6
Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо,
7
ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.
8
Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо.
9
ТаӀзар а дина, уьш гуттаренна а хӀаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дӀабаьхна хир бу уьш.
10
И таӀзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тӀеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Ӏийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела.
11
Цундела шуна тӀера оха даим доӀанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гӀуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха.
12
Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Ӏийсан цӀе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гӀарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долчу диканца хир ду иза.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
Recommended Reading
Commentary
2 Thessalonians Commentaries
→
Devotional
2 Thessalonians Devotional Guide
→
Get This Bible
Chechen (Делан Йозанаш) Study Bible
→