bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Thessalonians 2
2 Thessalonians 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
1
Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен тӀе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна:
2
шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогӀу де тӀекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тӀехь дӀаязбина бу аьлла.
3
Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела.
4
«Дела» аьлла, цӀе йоккхучу а, адамаша Ӏибадат дечу а массо а хӀуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цӀа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза.
5
Дага ца догӀу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар?
6
Ткъа хӀинца шуна хаьа, иза сецош дерг хӀун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац.
7
Къайлаха долу зулам хӀинцале а къахьоьгуш ду. Амма хӀинца а иза сецош волчо кхин дӀа а сецор ву, новкъара иза Дала дӀаваккхалц.
8
ТӀаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Ӏийсас Шен багарчу Ӏаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хӀаллак а вийр ву.
9
Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Ӏаламаташ а гойтуш лелар ву иза.
10
Шаьш кӀелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тӀе ца эцарна а, иза ца дезарна а хӀаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза.
11
Цундела Дала чӀогӀа Ӏехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.
12
ТӀаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю.
13
Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кӀелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тӀера Деле даим баркаллаш баха деза оха.
14
Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама.
15
Цундела, динан вежарий, чӀагӀлой Ӏелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тӀехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха.
16
Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.
17
Муьлххачу а аша олуш долчунна тӀехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гӀуллакхашна тӀехь а, иракара а хӀиттош, Дала чӀагӀдойла шу.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3