bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Thessalonians 3
2 Thessalonians 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
1
Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дӀасабаржийта а, лоруш тӀеэцийта а тхуна тӀера доӀанаш делаш.
2
Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дӀакъастор, хӀунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш.
3
Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чӀагӀ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду.
4
Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дӀа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан.
5
Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тӀехьажадойла.
6
Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Ӏийсан цӀарах весет до оха, аша тхоьгара тӀеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дӀакъаста аьлла.
7
Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора.
8
Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха.
9
Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама.
10
Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хӀара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хӀума а ма яа», — аьлла.
11
Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Ӏаш бу бохуш, хеза тхуна. ХӀумма а ца деш болу уьш нехан гӀуллакхашна чу юкъагӀерта.
12
Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах тӀедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догӀу рицкъа даккха а, синна паргӀат хила а.
13
Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де.
14
Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта.
15
Иза мостагӀа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве.
16
Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хӀуманна тӀехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!
17
Аса, ПахӀала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хӀара кехат. Соьгарчу хӀора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо:
18
Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
All chapters:
1
2
3