bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Lamentations 3
Lamentations 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 4 →
1
А лссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах.
2
А раваьккхи со Цо Ӏаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама.
3
А ьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тӀехь а латтийна, Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла.
4
Б илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьӀахкаш а ца мегачу ма яьхна.
5
Б оккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна.
6
Б оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Ӏохкуш болу нах санна.
7
В езачу Эло буржалш тоьхна суна, кӀелхьар ца валийта го бина суна.
8
В езачу Элана дӀа ца хезара сан доӀа, со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш.
9
В езачу Эло тӀулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо.
10
Г амонца тӀекхета кечъелла ча санна, дӀахӀоьтти Иза суна. КӀело еш долу лом санна, хили Иза суна.
11
Г амдина сан некъаш, цистина со дӀаваьккхи, цхьа а воцург а вина, дӀахӀоттий Цо со.
12
Г Ӏакх дина, дӀахӀоттий Цо со, Шен секхаӀад а тӀехьажий Цо суна.
13
Д ерриг а Шен Ӏад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тӀетуьйхи Цо.
14
Д ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дӀахӀоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий.
15
Д Ӏовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна.
16
Е рриг сан цергаш жагӀанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви.
17
Е ли сан даг чуьра маршо а дӀа. Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а.
18
«Е рриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дӀаели сан, берриг а ницкъ дӀабели сан», — элира ас тӀаккха.
19
Жирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.
20
Ж олам-яӀ, мел дика дагахь лаьтта суна иза, ма доьхна ду-кха сан дог а хӀинца.
21
Ж им-жимма делахь а, юхадоьрзу сан сатийсар, суна иза дагадеача:
22
З аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла.
23
З овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду!
24
З ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Ӏийр ву!»
25
И штта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Ӏаш болчарна! Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна!
26
И штта дика ду собарца Везачу Эле ладегӀар, гӀолехь ду Цо кӀелхьардахаре хьежар.
27
И штта, гӀолехь ду стагана ша къона волуш, собаран дукъ лело иза Ӏемича.
28
К ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тӀе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Ӏан веза иза.
29
К хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеӀийла иза Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу.
30
К хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза.
31
Л арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза.
32
Л ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.
33
Л аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а.
34
М а хаьа-кх Цунна когаш кӀел хьоьший кху лаьттара массо а тутмакх.
35
М а го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха адаман бакъонаш ларъеш ца хилча.
36
М а го-кх Хьалдолчу Элана, адамна кхел нийса еш ца хилча.
37
Н агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац.
38
Н ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар?
39
Н агахь санна ша хӀинца а вехаш хилча, къинош бахьанехь шена дечу таӀзарна латкъамаш бан ца беза стага.
40
О цу ваьш лелачу некъийн тидам а бина, Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина.
41
О цу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а.
42
О ццул дуьхьал а девлла, Хьох дӀакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира.
43
П аргӀат тхуна тӀаьхьа а ваьлла, Хьо оьгӀазвахча, тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо.
44
П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.
45
П ачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь нехаш санна дина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
46
Р еза шаьш хиларна, мостагӀий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагӀий вайна кхиссарш еш бу.
47
Р агӀ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а, дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа.
48
Р оггӀана хин Ӏовраш йоуьйту сан бӀаьргаша, сан халкъ хӀаллакьхилар бахьана долуш.
49
С ан бӀаьргаш ца совцу доьлхучуьра хӀинца, бӀаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза,
50
с тигаларчу Везачу Элана, охьа а хьаьжна, вайн хьал дӀагаллалц.
51
С ан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш, сан гӀаларчу йоӀаршна гӀайгӀанехь ву со.
52
Т Ӏаккха, олхазар лоцуш санна, массо агӀор хӀуъа а дина, со схьалаца гӀиртира сан мостагӀий, цхьа а бахьана доцуш.
53
Т утмакх санна, со ор чу а кхоьссина, дийна волчу суна тӀе тӀулгаш кхиссина.
54
Т Ӏаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хӀаллакьхили».
55
У р-атталла цу кӀоргачу ор чуьра хьала а Хьан цӀе ас ма йохура, сан Веза Эла!
56
«У зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дӀа!» — аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дӀа.
57
У ьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича, Ахь, суна тӀе а хуьлуш: «Ма кхера!» — элира.
58
Х ьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву, сан дахар а паргӀатоне даьккхинарг Хьо ма ву.
59
Х ьуна гина, Веза Эла, суна дина вон. Ахь-Айхьа ехьа сан гӀуллакхан кхел.
60
Х ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.
61
Ц еран ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла, Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш.
62
Ц ара хӀора денна суна дуьхьалдаьхна хӀилланаш го Хьуна, сан Веза Эла. Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла.
63
Ц ара, хьажахьа, Веза Эла, шаьш хевшинчохь, гӀевттинчохь сох белам ма бо.
64
Ӏ аббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла, цара лелийначу гӀуллакхашка хьаьжжина.
65
Ӏ аьржа дог царна чу Ахь диллахьа, Хьан неӀалт а хуьлийла царна тӀехь.
66
Ӏ анаяй царна тӀе Хьайн оьгӀазалла, царна Хьо тӀаьхьавалахьа, Везачу Элан стигалшна кӀелхьара хӀаллак а бай, уьш дӀабахахьа!
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5