bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Lamentations 5
Lamentations 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
1
Веза Эла, тхуна хилларг дага а лаций, тхоьгахьа а верзий, хьажахьа тхан юьхьӀаьржачу хӀиттаре.
2
Тхан хӀусамаш а кхечу махкарчу нехан караяхана. Тхан долахь мел хилларг а хийрачу нехан каракхаьчна.
3
Да а воцуш, байлахь дисна тхо. Наной а бу тхан, бисина Ӏаш болу зударий санна.
4
Тхешан долу хи а детих эца деза тхан. Тхешан долу дечиг а ахчанах бен ца кхочу тхуна.
5
Тхуна тӀаьхьабевлларш тхан коча баьхкина. Ткъа тхо гӀел а делла, синтем а бац тхан.
6
Бепигах дузархьама, мисархошца барт бира оха, дийна дисийтархьама, ашурхошка бертан куьг дӀакховдийра оха.
7
Тхан дайша къинош летадора. Уьш хӀинца бан а бац. Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таӀзар токхуш ду.
8
Тхан мостагӀчун леша олалла до тхуна тӀехь, цхьа а вац церан карара тхо кӀелхьардаха.
9
Яьссачу арахь тхаьшна тӀе айина тур долу дела, даларна а кхоьруш, сискал йоккху оха.
10
Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана, дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла.
11
Тхан зударий а хьийзабо мостагӀаша Цийонехь. Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь.
12
Тхан элий а мостагӀаша ирхъоьхкина, тхан къаной а хӀинца ларам боцуш бу.
13
Къоначаьрга а цара хьеран тӀулгаца ялта охьуьйту. Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу.
14
Къаной а ма бац хӀинца гӀалин кевнашкахь охьаховшуш. Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш.
15
Тхан дегнийн хазахетар а дӀадаьлла хӀинца. Тхан халхарш а белхаре дирзина хӀинца.
16
Тхан кортош тӀера таьжнаш а охьаэгна. Оха къинош летадарна, тхо Ӏазапехь ду!
17
Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш. Цундела тхан бӀаьргаш а ду гӀелделла.
18
Цийон-лам бассабаларна, чангӀалкхаш ю цу тӀехула лелаш.
19
Ткъа Хьо, Веза Эла, даим а олалла деш ву. Хьан Ӏарш тӀаьхьенера тӀаьхьенгахь лаьтташ ду.
20
Кхоччуш диц хӀунда дина те Ахь тхо? Еххачу ханна тхо дӀа хӀунда теси те Ахьа?
21
Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чӀогӀа доьху Хьоьга! Карла а дахий, дӀахӀиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дӀахӀиттош ма-хиллара.
22
Гуттаренна а дӀатесна-м хир ма дац Ахь тхо? Доза доцуш оьгӀазвахна-м ма вац Хьо тхуна?
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
All chapters:
1
2
3
4
5