bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Lamentations 4
Lamentations 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 5 →
1
А нгали санна долу деши а ма кхоьлина ду-кх, и тоьлла долу деши а ма хийцаделла-кх. Урамашкахула маьӀ-маьӀӀехь дӀасакхийсина ду-кх Делан цӀийнан деза тӀулгаш а.
2
Б еза болу Цийонан кӀентий, цӀеначу дешин мехах берш, кхийрачу пхьегӀийн меха а бина, куьпчичо бинарш санна ма лору.
3
В уно къизачу чангӀалкхо а накха ло шен кӀорнеш юзорхьама, ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дӀахӀиттина, яьссачу аренгахь шен хӀоаш дӀатосу олхазар санна.
4
Г о хӀинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза.
5
Д ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хӀинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кӀадинах йина бедарш лелийнарш хӀинца-м нехаш кегош лелаш бу.
6
Е рриг Седам-гӀалин къиношна динчу таӀзарал а тӀехдаьлла Везачу Эло сан халкъан йоӀарша хьерчийначу къиношна дина таӀзар. Иза-м цу сохьта хӀаллакйина дӀаяьккхира, ткъа адамийн куьйгаш цунах хьакха а ца деллера.
7
З аманашкахь къобалбина цуьнан элий лайл а цӀена, шурел а кӀайн бара. Церан догӀмаш а ма дара цӀарула-цӀечу басахь. Церан куц а ма дара жовхӀарх тера.
8
Ж олам-яӀ, хӀинца-м кӀоранал а Ӏаьржа ю церан яххьаш. Урамашкахь цхьанна а бовза а ца бевза уьш. Церан дегӀан чкъор а ма ду даьӀахкех а летта, дечиг санна, дакъа а делла.
9
И штта, тур тоьхна байинарш ирсе бу мацалло байиначарал. ХӀорш меллаша леш ма бу, ялтин кхачам ца хиларна.
10
К Ӏеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тӀе бохам баийтича.
11
Л атийра Везачу Эло Цийонехь цӀе, иза бухара дуьйна яга а еш. ОьгӀазвахара Веза Эла, Шен дералла тӀехьажийра Цо Цийонна тӀе.
12
М ассо а адамаш, кху дуьнен чохь дехаш долу, лаьттара паччахьаш а тешаш бацара, Ярушалайман кевнашкахула мостагӀа чекхвер ву аьлча.
13
Н ийсо лелочеран цӀий Ӏанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира.
14
О цу урамашкахула, бӀаьрзенаш санна, лелаш бара пайхамарш а, динан дай а. Ур-атталла церан бедарех хьакхавала а ваьхьар воцуш, цӀий дара царна тӀехь.
15
П аргӀат мохь хьоькхура царна тӀе: «ДӀасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» — бохуш. ТӀаккха уьш, боха а бухий, дӀасабовлура. Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь».
16
Р еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дӀавирзинера. Цо уьш массанхьа а дӀасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.
17
С ирла бӀаьргаш гӀелделла-кх тхан, гӀо кхачаре эрна ла а дегӀна. Тхо кӀелхьара ца дахалуш долчу халкъе ха дечу бӀов тӀера тхо эрна охьахьийжира.
18
Т къа мостагӀаша-м тхан лараш толлура, тхо тхешан урамашкахула ца лелийтархьама. ТӀееа тхан тӀаьххьара зама, тхан тӀаьххьара денош а тӀедаьхки, тӀекхечи тхан тӀаьххьара сахьт а.
19
У ьш, тхуна тӀаьхьабевлларш, стигаларчу аьрзунел а чехка бара. Лаьмнашкахула тхуна уьш тӀаьхьабевлира, яьссачу аренгахь тхуна цара кӀело а йира.
20
«Х алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ӀиндагӀехь» — оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагӀийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна.
21
Ц хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ӀуцӀа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тӀекхочур буйла, тӀаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла.
22
Ӏ есаллина дина таӀзар чекхдели хьан, Цийонан йоӀ, кхидӀа йийсарехь Цо хьо юьтур яц. Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таӀзар, Эдоман йоӀ, Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5