bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nahum 1
Nahum 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
Нунав-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хӀоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.
2
Веза Эла — эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
3
Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш — Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.
4
Цо омра дича, хӀорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргӀалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
5
Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.
6
Мила латталур ву, Иза эргӀадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чӀогӀа йолу оьгӀазалла? Цуьнан дералла яьлла цӀе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу.
7
Веза Эла ма дика ву. Бохам тӀебеача, Иза дӀалочкъийла ву. Шех бӀобулучарна Ӏуналла до Цо.
8
Амма дерриге а дӀахьулдечу хин дестаро санна, Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала. Шен мостагӀий Цо бодане дӀахьулбойтур бу.
9
ХӀун дагадеана шуна Везачу Элана дан? Цо шу кхоччуш хӀаллакдийр ду! ШолгӀа шуна бохамаш бан оьшур дац.
10
Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагӀий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хӀаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хӀаллакбина хир бу.
11
Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гӀала.
12
Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хӀаллакбина дӀабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхӀудан халкъ, Ас хьуна хӀинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц.
13
ХӀинца Ас хьуна тӀехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».
14
Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хӀара билгалдаьккхина: «ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хӀу хир дац хьан цӀе йоккхуш. Хьан деланийн цӀийнара дечиган а, лалийна бина болу а цӀуш хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хӀума йоцу дела».
15
Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дӀакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀу! ЯхӀудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваӀданаш а кхочушде. ХӀинца чул тӀаьхьа Ӏесанаш хьан махка кхин чугӀертар бац, уьш кхоччуш хӀаллакбина дела.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3