bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nahum 2
Nahum 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
1
Бохам бийриг хьуна дуьхьалгӀаьттина, ва Нунав-гӀала! Ӏалашъе хьайн чӀагӀонаш, ларбе хьайна тӀебогӀу некъ, хьайн гӀодаюкъ ехка, схьагулбе ницкъ.
2
Веза Эла Якъубан тӀаьхьенан сийлалла меттахӀотто воллу, Исраилан халкъан сийлалла меттахӀоттор ю, бохам бечара церан латта дассийна делахь а, церан кемсийн гаьннаш хӀаллакдина делахь а.
3
Церан эскархойн турсаш цӀен ду. Церан тӀемалой цӀен духар дуьйхина бу. ЦӀе санна лепаш ду церан гӀудалкхийн эчиг тӀамана кечам бинчу дийнахь, техкаш ю гоьмукъийн хьун.
4
ГӀудалкхаш урамашкахула дӀасахьаьдда, майданашкахь къевкъа уьш. Царах, цӀарах санна, лепар схьадолу, къега уьш, секхаӀад санна.
5
Куьйгалхочо шен тӀеман хьаькамаш схьакхойкху, амма церан болар тийсало. ГӀалин пенашна тӀекхача сихбелла уьш, амма хӀинцале а дӀахӀоттийна бу гӀалин ков харцош болу бӀогӀам беттачеран ларйо хӀума.
6
Хин кевнаш дӀаделлалуш ду, паччахьан цӀа хӀаллакьхуьлуш ду.
7
Сацам бина бу. Зуда-паччахь ерзина йийсаре дӀаюьгуш ю. ГӀарбашаш, кхокхарчий санна, узарш деш бу, сингаттамца шайн накхош тӀе буйнаш а детташ.
8
Нунав-гӀала ша мел ю хих буьзна Ӏам санна яра, ткъа хӀинца цуьнан нах бовду. Совцийша! Совцийша! Амма цхьа а юха ца хьожу.
9
ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши! Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц.
10
Иза талораш дина, яссийна, хӀаллакйина. Дог деша, голаш егайо. Массеран меженаш чохь онда лазар ду. Массеран яххьаш макхъелла.
11
Мичахь бу хӀинца лоьмийн бен а, лоьмийн кӀорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кӀорнеш а лелла йолу?
12
КӀорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш.
13
«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! — боху Везачу Эло. — Хьан гӀудалкхаш Ас кӀур бина ягор ю. Хьан лоьман кӀорнеш туьро юур ю. Хьан хӀонс а дӀайоккхур ю Ас лаьтта тӀера. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3