bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nahum 3
Nahum 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
1
Бохам тӀебогӀу цӀийх юьзначу гӀалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хӀонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь.
2
Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тӀак а, юм еш йогӀучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гӀудалкхан гӀовгӀа а ю хезаш.
3
Хахкаелла йогӀу дошлойн говраш, къегаш ду тур, лепа гоьмукъ. Шортта белларш бу, декъийн оьланаш ю. Декъийн йист яц, оцу декъех тийсало.
4
Иза Нунав-гӀалин лелар бахьана долуш ду. И гӀала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тӀехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу.
5
«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! — боху Везачу Эло. — Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тӀе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дӀагойтур ду.
6
Ас боьха дерш тӀекхуьйсур ду хьуна, хьох Сан дог мел далар а гойтуш, Ас нах кхардийта дӀахӀоттор ю хьо.
7
Хьо гича, муьлххачу а стага, хьох дӀа а воьрзуш, эр ду: „Йохийна Нунав-гӀала! Хьенан хир бу цунах лаьцна дагахьбаллам? Мичара карор бу Суна хьан дог оьцурш?“»
8
Ну-Амин-гӀаланал гӀолехь-м яц хьо, хиша го а бина, Нил-хина юххехь йолчу? Хих цунна чӀагӀо хилла, хи цунна гӀалин пен санна хилла.
9
Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПӀатӀа а, Лива-мохк а цуьнга гӀо лаца богӀура.
10
Амма иза кхечанхьа яьккхина, иза а йийсар дина ю. Цуьнан кегий бераш урамаш вовшах мел кхетачохь кегдина, ткъа церан цӀеяхначарах лаьцна кхаж туьйсура, церан хьалдолу нах буржалш тоьхна бу.
11
Иштта хьо а, Нунав-гӀала, яха а ехна, къайлаер ю. Иштта ахьа а, хьайн мостагӀех дӀа а едда, дӀалечкъийла лоьхур ю.
12
Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чӀагӀонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу.
13
Хьайн эскаре хьажал! Хьан тӀемалой зударех тера хир бу! МостагӀий хьан махка чугӀурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гӀораш цӀеро дӀакхаьллина хир ду.
14
Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чӀагӀонаш чӀагӀъе, хотта юкъа гӀо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе.
15
Цигахь цӀеро хӀаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦӀазо ялта дӀакхалларе терра, хьо а йиъна дӀайоккхур ю! Къона а, доккха а цӀоз санна, дебаш хила!
16
Хьан совдегархой стигалара седарчел а алсамбевлла бу. Уьш, къона цӀоз санна, цӀока дӀа а яьккхина, хьалаоьху.
17
Хьан куьйгалхой доккха цӀоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цӀазан жӀуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тӀема а йовлий, дӀасайоьлху, тӀаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.
18
Ашур-мехкан паччахь, хьан Ӏуналла дийраш самабевр боцу наб еш бу, хьан баьччанаш гуттаренна а бийшина бу. Хьан халкъ лаьмнашкахула дӀасадаьржина. Цхьа а вац иза схьагулдан.
19
Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тӀараш детташ баккхийбер бу, хӀунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тӀекхачаза?!
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
All chapters:
1
2
3