bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Psalms 105
Psalms 105
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 104
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 67
Chapter 68
Chapter 69
Chapter 70
Chapter 71
Chapter 72
Chapter 73
Chapter 74
Chapter 75
Chapter 76
Chapter 77
Chapter 78
Chapter 79
Chapter 80
Chapter 81
Chapter 82
Chapter 83
Chapter 84
Chapter 85
Chapter 86
Chapter 87
Chapter 88
Chapter 89
Chapter 90
Chapter 91
Chapter 92
Chapter 93
Chapter 94
Chapter 95
Chapter 96
Chapter 97
Chapter 98
Chapter 99
Chapter 100
Chapter 101
Chapter 102
Chapter 103
Chapter 104
Chapter 105
Chapter 106
Chapter 107
Chapter 108
Chapter 109
Chapter 110
Chapter 111
Chapter 112
Chapter 113
Chapter 114
Chapter 115
Chapter 116
Chapter 117
Chapter 118
Chapter 119
Chapter 120
Chapter 121
Chapter 122
Chapter 123
Chapter 124
Chapter 125
Chapter 126
Chapter 127
Chapter 128
Chapter 129
Chapter 130
Chapter 131
Chapter 132
Chapter 133
Chapter 134
Chapter 135
Chapter 136
Chapter 137
Chapter 138
Chapter 139
Chapter 140
Chapter 141
Chapter 142
Chapter 143
Chapter 144
Chapter 145
Chapter 146
Chapter 147
Chapter 148
Chapter 149
Chapter 150
Chapter 106 →
1
Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
2
Везачу Эло мел дина сийлахь гӀуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду? Цунна боггӀу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?
3
Декъала ву бакъдерг лардеш верг, массо а хенахь нийсо лелош верг.
4
Веза Эла, Айхьа Хьайн къомана диканиг дича, суна а дехьа иза, Айхьа уьш кӀелхьарбохучу хенахь, суна а орцахвалахьа.
5
Ахьа хаьржинчеран хуьлу беркат суна гайтархьама а, Хьан къомаца цхьаьна соьга сакъерийтархьама а, Хьан долахь болчаьрца соьга а Хьох дозалла дайтархьама а.
6
Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Ӏеса а лелла тхо.
7
Тхан дай Мисар-махкахь болчу хенахь, Хьан тамашийначу хӀуманех уьш ца кхийтира, Хьан безам шайна мосазза гойту дага а ца догӀуш, уьш Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна дуьхьалбевлира.
8
Амма Цо уьш Шен цӀе бахьана долуш кӀелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дӀагайтархьама.
9
Цо Эрзийн хӀордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гӀум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дӀабигира.
10
Цо уьш цабезачийн куьйга кӀелара схьабехира, мостагӀех уьш кӀелхьар а бехира.
11
Хино къайлабехира церан мостагӀий, царах цхьа а кӀелхьар а ца велира.
12
ТӀаккха Цо йинчу чӀагӀонех уьш тийшира, Цунна хастамийн эшарш а лоькхура.
13
Амма кестта Цуьнан гӀуллакхаш царна дицделира, Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура.
14
Яьссачу аренгахь уьш лаамех буьзира, эрначу оцу аренгахь цара Дела зийра.
15
Цара дехнарг Цо царна дӀаделира, амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира.
16
Меттаматтара нах Мусах хьега буьйлабелира, Далла гӀуллакх дан къобалвинчу АхӀаронах а хьийгира.
17
ТӀаккха лаьтто, дӀаса а декъаделла, Датан дӀакхаьллира, Абирамна тӀаьхьахӀоьттина тоба лаьтто дӀайоьллира.
18
Царна тӀаьхьахӀиттинчарах цӀе елира, Ӏеса мел берш алуно дӀакхаьллира.
19
Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгӀа йира, лалийначу деших винчу оцу цӀунна Ӏибадат а дира.
20
Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Ӏуьйшуш лаьттачу стеран суьртах.
21
Цара шаьш кӀелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хӀуманаш дина волу,
22
Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь Ӏаламаташ дина волу а, Эрзийн хӀорд болчохь ларамах бузуьйту хӀуманаш дина волу а.
23
Везачу Эло уьш хӀаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дӀахӀоьттира, Везачу Элан дералла нах хӀаллакбечуьра дӀа а ерзийра.
24
ТӀаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах, Дала йинчу чӀагӀонах уьш ца тийшира.
25
Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш, Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугӀуш.
26
ТӀаккха Цо айдинчу куьйгаца царна чӀагӀо йира, уьш яьссачу аренгахь балийта а,
27
церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо а, уьш хийрачу мехкашкахула дӀасакхисса а.
28
ТӀаккха цара ПаӀорехь волчу БаӀал-цӀунна Ӏибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагӀанех хӀума йоура.
29
Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгӀазъоьхуьйтура цара, тӀаккха царна тӀе ун доьссира.
30
Амма Пайнехьас, дӀа а хӀоьттина, юкъарло йира, тӀаккха и ун дӀасадаьржачуьра сецира.
31
Цо иза бакъахьара гӀуллакх санна лерина, массо а ханна, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
32
Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира, ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.
33
Цара Мусан синна халахетийтира, ткъа цо, ойла а ца еш, бага туьйхира.
34
Везачу Эло цаьрга халкъаш хӀаллакде аьллера, ткъа цара и тӀедиллинарг кхочуш ца дира.
35
Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дӀакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гӀиллакхаш а шайна Ӏамийра.
36
Церан цӀушна Ӏибадат а дора цара, тӀаьххьара а царах гур а хилира царна.
37
Цара шайн кӀентий а, йоӀарий а жинашна сагӀина дӀалора.
38
Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора, шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий, уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш. Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.
39
Цара шаьш бехдира шайн гӀуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.
40
Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.
41
ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира, тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.
42
МостагӀаша гӀело йора царна, церан куьйга кӀелахь уьш къера хилла дӀахӀиттира.
43
Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.
44
Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.
45
Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.
46
ТӀаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга Цо царах къинхетам бойтура.
47
КӀелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
48
Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана!
← Chapter 104
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 67
Chapter 68
Chapter 69
Chapter 70
Chapter 71
Chapter 72
Chapter 73
Chapter 74
Chapter 75
Chapter 76
Chapter 77
Chapter 78
Chapter 79
Chapter 80
Chapter 81
Chapter 82
Chapter 83
Chapter 84
Chapter 85
Chapter 86
Chapter 87
Chapter 88
Chapter 89
Chapter 90
Chapter 91
Chapter 92
Chapter 93
Chapter 94
Chapter 95
Chapter 96
Chapter 97
Chapter 98
Chapter 99
Chapter 100
Chapter 101
Chapter 102
Chapter 103
Chapter 104
Chapter 105
Chapter 106
Chapter 107
Chapter 108
Chapter 109
Chapter 110
Chapter 111
Chapter 112
Chapter 113
Chapter 114
Chapter 115
Chapter 116
Chapter 117
Chapter 118
Chapter 119
Chapter 120
Chapter 121
Chapter 122
Chapter 123
Chapter 124
Chapter 125
Chapter 126
Chapter 127
Chapter 128
Chapter 129
Chapter 130
Chapter 131
Chapter 132
Chapter 133
Chapter 134
Chapter 135
Chapter 136
Chapter 137
Chapter 138
Chapter 139
Chapter 140
Chapter 141
Chapter 142
Chapter 143
Chapter 144
Chapter 145
Chapter 146
Chapter 147
Chapter 148
Chapter 149
Chapter 150
Chapter 106 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66
67
68
69
70
71
72
73
74
75
76
77
78
79
80
81
82
83
84
85
86
87
88
89
90
91
92
93
94
95
96
97
98
99
100
101
102
103
104
105
106
107
108
109
110
111
112
113
114
115
116
117
118
119
120
121
122
123
124
125
126
127
128
129
130
131
132
133
134
135
136
137
138
139
140
141
142
143
144
145
146
147
148
149
150