bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Psalms 77
Psalms 77
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 76
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 67
Chapter 68
Chapter 69
Chapter 70
Chapter 71
Chapter 72
Chapter 73
Chapter 74
Chapter 75
Chapter 76
Chapter 77
Chapter 78
Chapter 79
Chapter 80
Chapter 81
Chapter 82
Chapter 83
Chapter 84
Chapter 85
Chapter 86
Chapter 87
Chapter 88
Chapter 89
Chapter 90
Chapter 91
Chapter 92
Chapter 93
Chapter 94
Chapter 95
Chapter 96
Chapter 97
Chapter 98
Chapter 99
Chapter 100
Chapter 101
Chapter 102
Chapter 103
Chapter 104
Chapter 105
Chapter 106
Chapter 107
Chapter 108
Chapter 109
Chapter 110
Chapter 111
Chapter 112
Chapter 113
Chapter 114
Chapter 115
Chapter 116
Chapter 117
Chapter 118
Chapter 119
Chapter 120
Chapter 121
Chapter 122
Chapter 123
Chapter 124
Chapter 125
Chapter 126
Chapter 127
Chapter 128
Chapter 129
Chapter 130
Chapter 131
Chapter 132
Chapter 133
Chapter 134
Chapter 135
Chapter 136
Chapter 137
Chapter 138
Chapter 139
Chapter 140
Chapter 141
Chapter 142
Chapter 143
Chapter 144
Chapter 145
Chapter 146
Chapter 147
Chapter 148
Chapter 149
Chapter 150
Chapter 78 →
1
Асайпан хьехаме назма. ЛадогӀа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ, сан багарчу дешнийн тидам бе.
2
Сан багахула ас хьекъале хӀуманаш дуьйцур ду, ширачу заманашкара хӀетал-металш а далор ду.
3
Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера.
4
Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тӀаьхьене оха дӀадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гӀуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хӀуманех а лаьцна.
5
Цо Якъубан тӀаьхьенна бакъонаш дӀахӀиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дӀабелира. Тхан дайшна тӀедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дӀадовзийтар.
6
Цу тайпана тӀейогӀучу тӀаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дӀадуьйцур а дара.
7
ТӀаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гӀуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара.
8
Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтӀахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а.
9
Эпраймхойн карахь секхаӀедаш хиллехь а, тӀом бечу дийнахь уьш дӀа ма бевдира.
10
Делаца бина барт лар ца бора цара, Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна.
11
Царна дицделлера Цуьнан гӀуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хӀуманаш а дицделлера царна.
12
Мисар-махкахь, ЦоӀан олучу кӀоштахь, церан дайн бӀаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хӀуманаш.
13
Эрзийн хӀорд дӀаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара.
14
Дийнахь — мархица дӀабуьгура уьш Везачу Эло, ткъа буьйса дӀаяллалц — цӀеран серлонца некъ гойтура царна.
15
Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кӀоргачу хӀорда санна шортта хи царна лора.
16
Тархах Ӏовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дӀасадаьржира.
17
Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура, яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гӀуьттуш.
18
Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш, шайна безаш болу кхача а боьхуш.
19
Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле?
20
Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»
21
Везачу Элана иза дӀахезча, оьгӀазаллин цӀе латийра Цо Якъубана дуьхьал, дераллин цӀе Исраилан халкъана тӀехьажийра Цо,
22
Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кӀелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а.
23
ТӀаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неӀарш дӀайиллира,
24
Цо кхачанан буьртигаш царна тӀе диссийтира, догӀа санна, стигалара кӀа царна дӀаделира.
25
Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира.
26
Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира.
27
Цо, чан санна, жижиган догӀа даийтира царна тӀе, хӀорда йистера гӀум санна, дукха олхазарш а гӀовттийра.
28
Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тӀе дахкийтира.
29
Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хӀунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг.
30
Амма шаьш лиънарг уьш дӀайиъна а бовлале, и кхача церан багахь болчу хенахь,
31
царна Дела оьгӀазвахара, Цо церан тоьлла берш а байира, исраилхойн кегийрхой а хӀаллакбира.
32
И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидӀа а къинош летадора, уьш Цуьнан тамашийна гӀуллакхех а ца тийшира.
33
Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира, церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира.
34
Цо царах цхьаберш мосазза хӀаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тӀе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура.
35
Царна дагадеара, Дела — шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргӀатдохург хилар а.
36
Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара.
37
Церан дегнаш Цунна тӀедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара.
38
Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хӀаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгӀазвахар царна тӀера дӀа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора.
39
Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар, юха ца доьрзуш долу садеӀар бен цахилар.
40
Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгӀазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан!
41
Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгӀаз а вохуьйтуш.
42
Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догӀура, Цо шаьш мостагӀех кӀелхьардахаран де а дицделлера царна.
43
Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Ӏаламаташ дар, иштта ЦоӀан-кӀоштахь царна тамашийна гӀуллакхаш гайтар.
44
Мисархойн хиш Цо цӀийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама.
45
Царна тӀе жӀаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дӀакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тӀехийцира, уьш хӀаллакбайтархьама.
46
Церан ялта цо цаьпцалгашна дӀаделира, иштта церан кхаш цӀазана дӀаделира.
47
Церан кемсашна тӀе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хӀаллакдира.
48
Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дӀабелира.
49
Шен оьгӀазаллин цӀе хьажийра Цо царна тӀе, хӀаллакдаран геланчийн жӀуга санна, дералла а, эргӀаддалар а, халонаш а йоуьйтуш.
50
Цо Шен оьгӀазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Ӏожаллех кӀелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Ӏожаллин уьнна дӀаделира.
51
Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хӀаллакбира.
52
Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира, Цо уьш, уьстагӀий санна, яьссачу аренгахула дуьгура.
53
Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагӀий хӀордо къайлабехира.
54
Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тӀе, аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тӀе.
55
Хийра халкъаш царна хьалхара дӀалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дӀа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хӀусамаш чохь даха хаийра Цо.
56
Амма уьш Дела зуьйш дӀабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгӀевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара.
57
Шайн дай санна, уьш а Делах дӀабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаӀад санна хилира.
58
Шайн сагӀа доккхучу гунашца Иза оьгӀазъоьхуьйтура, шайн цӀушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура.
59
Уьш Шена дӀахезча, Дела оьгӀазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дӀатоттура.
60
Цо йитира Шилунера Шен хӀусам, Ша адамашна юкъахь Ӏийна долу четар.
61
Шеца бинчу бертан тӀорказ Цо йийсаре дӀаделира, Шен сийлаллин билгало мостагӀийн кара дӀаелира.
62
Цо туьран кара дӀаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгӀазвахара.
63
ЦӀеро церан къона божарий дӀакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура.
64
Церан динан дай туьро хӀаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура.
65
Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна.
66
Цо Шен мостагӀий юхаберзийтира, царна тӀе даима эхь а даийтира.
67
Юсупан тӀаьхье дӀатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира.
68
ЯхӀудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира.
69
Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чӀагӀйира.
70
Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира.
71
Цо иза уьстагӀий Ӏалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Ӏуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Ӏалашдайта.
72
Дауда уьш цӀеначу дагца Ӏалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура.
← Chapter 76
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 67
Chapter 68
Chapter 69
Chapter 70
Chapter 71
Chapter 72
Chapter 73
Chapter 74
Chapter 75
Chapter 76
Chapter 77
Chapter 78
Chapter 79
Chapter 80
Chapter 81
Chapter 82
Chapter 83
Chapter 84
Chapter 85
Chapter 86
Chapter 87
Chapter 88
Chapter 89
Chapter 90
Chapter 91
Chapter 92
Chapter 93
Chapter 94
Chapter 95
Chapter 96
Chapter 97
Chapter 98
Chapter 99
Chapter 100
Chapter 101
Chapter 102
Chapter 103
Chapter 104
Chapter 105
Chapter 106
Chapter 107
Chapter 108
Chapter 109
Chapter 110
Chapter 111
Chapter 112
Chapter 113
Chapter 114
Chapter 115
Chapter 116
Chapter 117
Chapter 118
Chapter 119
Chapter 120
Chapter 121
Chapter 122
Chapter 123
Chapter 124
Chapter 125
Chapter 126
Chapter 127
Chapter 128
Chapter 129
Chapter 130
Chapter 131
Chapter 132
Chapter 133
Chapter 134
Chapter 135
Chapter 136
Chapter 137
Chapter 138
Chapter 139
Chapter 140
Chapter 141
Chapter 142
Chapter 143
Chapter 144
Chapter 145
Chapter 146
Chapter 147
Chapter 148
Chapter 149
Chapter 150
Chapter 78 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66
67
68
69
70
71
72
73
74
75
76
77
78
79
80
81
82
83
84
85
86
87
88
89
90
91
92
93
94
95
96
97
98
99
100
101
102
103
104
105
106
107
108
109
110
111
112
113
114
115
116
117
118
119
120
121
122
123
124
125
126
127
128
129
130
131
132
133
134
135
136
137
138
139
140
141
142
143
144
145
146
147
148
149
150