bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Psalms 106
Psalms 106
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 105
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 67
Chapter 68
Chapter 69
Chapter 70
Chapter 71
Chapter 72
Chapter 73
Chapter 74
Chapter 75
Chapter 76
Chapter 77
Chapter 78
Chapter 79
Chapter 80
Chapter 81
Chapter 82
Chapter 83
Chapter 84
Chapter 85
Chapter 86
Chapter 87
Chapter 88
Chapter 89
Chapter 90
Chapter 91
Chapter 92
Chapter 93
Chapter 94
Chapter 95
Chapter 96
Chapter 97
Chapter 98
Chapter 99
Chapter 100
Chapter 101
Chapter 102
Chapter 103
Chapter 104
Chapter 105
Chapter 106
Chapter 107
Chapter 108
Chapter 109
Chapter 110
Chapter 111
Chapter 112
Chapter 113
Chapter 114
Chapter 115
Chapter 116
Chapter 117
Chapter 118
Chapter 119
Chapter 120
Chapter 121
Chapter 122
Chapter 123
Chapter 124
Chapter 125
Chapter 126
Chapter 127
Chapter 128
Chapter 129
Chapter 130
Chapter 131
Chapter 132
Chapter 133
Chapter 134
Chapter 135
Chapter 136
Chapter 137
Chapter 138
Chapter 139
Chapter 140
Chapter 141
Chapter 142
Chapter 143
Chapter 144
Chapter 145
Chapter 146
Chapter 147
Chapter 148
Chapter 149
Chapter 150
Chapter 107 →
1
Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
2
Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,
3
хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара — малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а.
4
Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара, шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.
5
Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.
6
Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
7
Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.
8
Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
9
Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во.
10
Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,
11
хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
12
Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.
13
Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
14
Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.
15
Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
16
ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
17
Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.
18
Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.
19
Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.
20
Цо Шен дашца дарба а дира царна, хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.
21
Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
22
Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.
23
Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.
24
Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.
25
Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду, яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.
26
Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.
27
Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.
28
Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
29
Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра, тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.
30
ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.
31
Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
32
Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла, къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.
33
Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.
34
Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.
35
Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо, ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.
36
Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.
37
Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь, кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу, цигара шортта ялта схьа а гулдо.
38
Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.
39
ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.
40
ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.
41
Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
42
Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.
43
Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.
← Chapter 105
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 67
Chapter 68
Chapter 69
Chapter 70
Chapter 71
Chapter 72
Chapter 73
Chapter 74
Chapter 75
Chapter 76
Chapter 77
Chapter 78
Chapter 79
Chapter 80
Chapter 81
Chapter 82
Chapter 83
Chapter 84
Chapter 85
Chapter 86
Chapter 87
Chapter 88
Chapter 89
Chapter 90
Chapter 91
Chapter 92
Chapter 93
Chapter 94
Chapter 95
Chapter 96
Chapter 97
Chapter 98
Chapter 99
Chapter 100
Chapter 101
Chapter 102
Chapter 103
Chapter 104
Chapter 105
Chapter 106
Chapter 107
Chapter 108
Chapter 109
Chapter 110
Chapter 111
Chapter 112
Chapter 113
Chapter 114
Chapter 115
Chapter 116
Chapter 117
Chapter 118
Chapter 119
Chapter 120
Chapter 121
Chapter 122
Chapter 123
Chapter 124
Chapter 125
Chapter 126
Chapter 127
Chapter 128
Chapter 129
Chapter 130
Chapter 131
Chapter 132
Chapter 133
Chapter 134
Chapter 135
Chapter 136
Chapter 137
Chapter 138
Chapter 139
Chapter 140
Chapter 141
Chapter 142
Chapter 143
Chapter 144
Chapter 145
Chapter 146
Chapter 147
Chapter 148
Chapter 149
Chapter 150
Chapter 107 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66
67
68
69
70
71
72
73
74
75
76
77
78
79
80
81
82
83
84
85
86
87
88
89
90
91
92
93
94
95
96
97
98
99
100
101
102
103
104
105
106
107
108
109
110
111
112
113
114
115
116
117
118
119
120
121
122
123
124
125
126
127
128
129
130
131
132
133
134
135
136
137
138
139
140
141
142
143
144
145
146
147
148
149
150