bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ruth 1
Ruth 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 2 →
1
Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тӀехь мацалла хӀоьттинера. ТӀаккха цхьа стаг ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара шен зудчуьнца а, шина кӀантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара.
2
Оцу стеган цӀе Элималик яра, цуьнан зудчун цӀе НуӀмат яра, ткъа шина кӀентан цӀераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш.
3
НуӀматан цӀийнда Элималик дӀакхелхира, ткъа иза шен шина кӀантаца йисира.
4
Цу шина кӀанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цӀе Ӏарипат яра, ткъа вукхуьнан цӀе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Ӏийра уьш.
5
Цул тӀаьхьа цуьнан ший а кӀант, Махьлан а, Халин а, дӀакхелхира. ТӀаккха шен шина кӀантах а, цӀийндех а яьлла, и зуда ша йисира.
6
Муаби-махкахь йолуш НуӀматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуӀмат Муаби-махкара шен цӀа юхаерза кечъелира.
7
Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхӀуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь
8
шен шина несе НуӀмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цӀа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна!
9
Везачу Эло хӀоранна а хӀусам нисйойла шуна шайн цӀийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуӀмата. Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хӀиттира.
10
ТӀаккха цара элира: «ХӀан-хӀа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тӀе а гӀур ду».
11
Амма НуӀмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоӀ! ХӀун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кӀентий, шуна майранаш хила?
12
Юхаерза, дӀагӀо, сан ши йоӀ! Со къанъелла хӀинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Ӏийна, кӀентий бича а,
13
хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоӀарий! Со чӀогӀа гӀайгӀанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».
14
Ши нус маьхьарца юха а елха хӀоьттира. ТӀаккха Ӏарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дӀакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира.
15
НуӀмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тӀе а, шен деланашна тӀе а. Хьайн кхинна тӀаьххье дӀагӀо хьо а».
16
Амма Рутис жоп делира: «Ма гӀертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гӀур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву.
17
Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дӀа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таӀзар дойла суна, Ӏожалло бен со хьох къастор яц».
18
Цо йина чӀагӀо шена гича, НуӀмат и бертаяло гӀертачуьра сецира.
19
И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» — бохура зударша.
20
НуӀмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуӀмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хӀара беза бала.
21
Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хӀунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»
22
Иштта НуӀмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4