bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ruth 4
Ruth 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
1
ГӀала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоӀаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хӀеттахь тӀехволуш. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира.
2
Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоӀаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира.
3
ТӀаккха оцу гергарчу стаге элира БоӀаза: «Муаби-махкара цӀа йирзинчу НуӀмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду.
4
Хьоьга иза дӀахазийта сацам бина ас. ХӀара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дӀаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тӀаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира.
5
ТӀаккха БоӀаза дӀахаийтира цуьнга: «Нагахь НуӀматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».
6
«Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», — элира гергарчо.
7
Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Ӏедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чӀагӀбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чӀагӀдар санна хилла Исраил-махкахь.
8
Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».
9
ТӀаккха БоӀаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХӀинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хӀума ас НуӀматера схьаэцар.
10
Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цӀартӀехь дитархьама а, цуьнан цӀе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».
11
ТӀаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогӀуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догӀийла хьан цӀенна тӀе Эпратехь. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.
12
Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тӀаьхье бахьана долуш, Тамарас ЯхӀудана винчу Парасан доьзал санна, хуьлийла хьан доьзал».
13
БоӀаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кӀант а вира.
14
14-15 Зударша НуӀмате бохура: «Хастам бу Везачу Элана! Цо ца йити хьо, йоккха хилча, Ӏалашъян а, гӀо дан а стаг воцуш. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла цунах Исраил-махкахь. Хьан дог доккха дийр ду хӀокху кӀантах, ворхӀ кӀантал а тоьлуш йолчу, хьо езаш а йолчу, хьан несо и вина дела».
15
***
16
И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуӀмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза.
17
Лулахоша Ӏабади аьлла, цӀе а тиллинера цунна. «НуӀматан кӀант ву-кх хӀинца», — олура цара. И Ӏабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара.
18
ХӀара ю Парасан тӀаьхье: Парасан хилира кӀант Хьацрани.
19
Хьацранин хилира кӀант Рам. Раман хилира кӀант Ӏамминадаб.
20
Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон. Нахьшонан хилира кӀант Салман.
21
Салманан хилира кӀант БоӀаз. БоӀазан хилира кӀант Ӏабади.
22
Ӏабадин хилира кӀант Юшай. Юшаян хилира кӀант Дауд.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
All chapters:
1
2
3
4