bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ruth 3
Ruth 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
1
ТӀаккха Рутига цуьнан марнана йолчу НуӀмата элира: «Сан йоӀ, хьо дӀатаръярхьама, цхьа хӀусам лехча хӀун дара-те ас?
2
И БоӀаз а вайн гергара стаг ву. Цуьнан ялхошца бина ахь болх. Иза тховса хьаьттахь, мохехь мукх цӀанбеш хир ву.
3
ЦӀан а лой, хьайн дегӀах хаза хьожа йогӀу хӀума а хьакхий, хьайна тӀе уггар хаза йолу бедарш а юхий, хьаьтта гӀо, амма и хӀума йиъна а, мелла а валлалц, цунна гучу ма яла.
4
И дӀавижча, иза мича метте вижна а хьажий, яха а гӀой, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айий, цуьнан когашка дӀайижа. ТӀаккха цо ша эр ду хьоьга, кхин дӀа ахь хӀун дан деза».
5
«Ахь бохург дерриге а ас кхочуш дийр ду», — элира Рутис.
6
ТӀаккха иза хьаьтта а яхара, дерриге а шен марнанас тӀе-ма-диллара, кхочуш а дира цо.
7
БоӀаз йиъна а, мелла а, шен дог тедина а ваьлла, вахана мекхан борзана юххехь дӀавижира. Ткъа хӀара, меллаша тӀе а яхана, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айина, цуьнан когашкахь дӀатевжира.
8
Буьйсанна юккъехь, набарха цӀеххьана вегийна, БоӀаз хьалаайавелча, шен когашкахь йижина Ӏуьллуш цхьа зуда карийра цунна.
9
БоӀаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?» «Со хьан лай йолу Рути ю-кх, — жоп делира зудчо, — Хьо со Ӏалашъеш, суна гӀо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хӀусамехь, хьайн юргӀана кӀелахь йитахьа со».
10
«Дала декъала йина-кх хьо, сан йоӀ! ХӀара хьайн марнанна дина гӀуллакх хьалха мел диначул а оьзда дина ахь. Хьо кегийчех я мисканаш, я хьалдерш а ца къестийра ахь.
11
ХӀинца, сан йоӀ, ма кхера хьо! Ахь дехнарг чекхдоккхур ду ас, хьо оьзда зуда хилар массарна а хаьа дела.
12
Амма бакъду, со хьо Ӏалашъян а, хьуна гӀо дан а дезаш болчу гергарчех велахь а, кхин а ву цхьа стаг, сол юххера гергара а волуш.
13
Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тӀеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тӀелаца цунна ца лаахь, ас тӀелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо! ХӀинца дӀайижа сахиллалц».
14
БоӀазан когашкахь сахиллалц Ӏийра Рути. Шаьшшиннан яххьаш вовшашна къастале, сатасале хьалагӀаьттира Рути. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Цхьаьнгге а ма тосадалийта кхуза хьо еана хилар».
15
Юха БоӀаза элира Рутига: «Схьалаца хьайн йовлакх». Рутис йовлакх схьалецира. БоӀаз, цунна ялх барам мукх а белла, иза цунна ги а тесна, гӀала вахара.
16
Ткъа Рути марнана йолчу яхара. Марнанас хаьттира цуьнга: «Хьайчух хӀун хилира, сан йоӀ?» Оцу стага шена динарг дерриге а марнене дӀадийцира Рутис:
17
«ХӀара ялх барам мукх а белла, цо элира соьга: „Хьайн марнанна тӀе даьссачу куьйгашца ма гӀо“».
18
НуӀмата элира: «ХӀара гӀуллакх чекх муха долу хаъалц, собар де ахь. И стаг Ӏийр вац и гӀуллакх тахханехь чекх ца доккхуш».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4