bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zephaniah 1
Zephaniah 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
1
ХӀара бу яхӀудхойн паччахьан Аминан кӀанта Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу деношкахь Хушин кӀанте Цапни-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам. Хуши Гадал-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа иза Хьузакх-ЯхӀун кӀентан Амар-ЯхӀун кӀант хилла.
2
«Лаьтта тӀера дерриг хӀума а дӀадойур ду Ас, — боху Везачу Эло. —
3
Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а дойур ду, Ӏесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цӀуш а дӀабохур бу. Ас лаьтта тӀера адамаш хӀаллакдина дӀадохур ду, — боху Везачу Эло.
4
Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхӀудан халкъана а, Ярушалайм-гӀалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаӀал-харцдалла Ӏамал еш диснарг хӀаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дӀабирзинчу динан дайн а цӀераш кхин цкъа а багах йохур яц.
5
Тхевнна тӀе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хӀорра а хӀаллаквина дӀавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Ӏибадат а деш, тешаме хила чӀагӀо а еш, амма шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш а хӀаллакбина дӀабохур бу Ас.
6
Веза Эла волчу Суна тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хӀаллакбийр бу Ас».
7
Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дӀасовца! ХӀунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагӀина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш.
8
«СагӀа доккхучу дийнахь, — боху Везачу Эло, — Ас таӀзар дийр ду элашна а, паччахьан кӀенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тӀе духучарна а.
9
Ас таӀзар дийр ду неӀсагӀина тӀехула лелхачарна а, шайн олахочун цӀа къизаллех а, харцонех а дузучарна а.
10
Оцу дийнахь, — боху Везачу Эло, — ЧӀерийн кевнехь цӀогӀа детташ хезар ду, гӀалин керлачу декъара а узарш хир ду, гунашна тӀера церан дохоран чӀогӀа гӀовгӀа хир ю.
11
Делха, гӀалин базарш хӀуттучу декъан дахархой, хӀунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хӀаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хӀаллакьхир бу.
12
Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таӀзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, — бохучарна.
13
Церан хьал хӀонс санна схьадоккхур ду, церан цӀенош а дассор ду. Цара цӀенош дӀахӀиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагӀар муьйлур дац».
14
Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чӀогӀа сихделла а догӀу. ЛадогӀал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тӀемалочо а цӀогӀа детташ ду!
15
И де — оьгӀазаллин де ду, гӀайгӀанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Ӏаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де,
16
коьман маӀа лекхаран а, тӀеман цӀогӀа тохаран а де. ТӀелатарш хир ду чӀагӀйинчу гӀаланашна а, лекхачу бӀаьвнашна а дуьхьал.
17
Везачу Эло боху: «Адамаш бӀаьрзенаш санна леллал чӀогӀа гӀайгӀанехь латтор ду Ас, Веза Эла волчу Суна дуьхьал цара къинош летийна дела. Церан цӀий, чан санна, дӀасадаржийна хир ду, церан дилха, кхо санна, дӀасакхиссина хир ду».
18
Церан долахь долчу я детига, я дешига кӀелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цӀеро хӀара дерриге а латта дагийна дӀакхоллур ду. Цо лаьтта тӀехь вехаш волу хӀорра а цӀеххьана кхоччуш дӀавоккхур ву.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3