bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zephaniah 2
Zephaniah 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
1
Метта а дола, хьо леррина а талла, маьттаза халкъ,
2
Делан сацам кхочушхилале, Далла тӀедерзаран де, мохо кегаш дӀахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгӀазалла шайна тӀеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тӀекхачале.
3
Лахийша Веза Эла, лаьтта тӀехь шаьш кӀезиг хеташ долчу, Цо тӀедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кӀезигалла дагахь латтаейша. Шу кӀелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь.
4
Ӏази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю.
5
Декъаза ду хӀордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хӀара хаам хьуна дуьхьал бу, пӀелаштамхойн долахь болу КанаӀан-мохк: «Ас хьо хӀаллакбийр бу, тӀаккха хир бац хьан бахархой».
6
ХӀордан йистера мохк жаӀушна дежийлаш а, уьстагӀашна гӀотанаш а хилла дӀахӀуттур бу.
7
И мохк ЯхӀудан цӀийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гӀалин цӀеношкахь сарахь садоӀуш Ӏийр бу уьш, хӀунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахӀоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.
8
Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Ӏамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугӀорта гӀерташ цара дозалла дар а.
9
Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, — Муаби-мохк, Седам-гӀала санна, хир бу, ткъа Ӏамминхой, Ӏамор-гӀала санна, хир бу. Церан латта шена тӀехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хӀонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».
10
Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш — массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а.
11
Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тӀехь мел болу деланаш Ша хӀаллакбечу хенахь. ХӀораммо а шен-шен меттехь Цунна Ӏибадат дийр ду, ур-атталла хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а.
12
Шу а, хушахой, Сан туьро хӀаллакдина хир ду.
13
Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хӀаллакбийр бу. Нунав-гӀаланах, яссийна саьлнаш а йина, гӀум-аре санна, екъа меттиг йийр ю.
14
Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду.
15
Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», — олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3