bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zephaniah 3
Zephaniah 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
1
Декъаза ю боьха а, сийсазъяьлла а, гӀело еш йолу а гӀала!
2
Делан озе ла ца дугӀу цо, ша нисъяйтар тӀе ца оьцу. Иза Везачу Элана тӀе ца тевжа, шен Далла юххе ца гӀерта.
3
Цуьнан баьччанаш — цунна юккъехь гӀигӀ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой — сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьӀахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу.
4
Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агӀор хуьйцу цара.
5
Веза Эла оцу гӀалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХӀора Ӏуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хӀун ду ца хаьа.
6
Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хӀаллакдина, церан чӀагӀонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хӀинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гӀаланаш хӀаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац.
7
Ас гӀалане бехира: „Соьга ларамах юьзна хилалалахь, Ас хьо нисъяр тӀеэцалахь!“ Иза иштта леллехь, цуьнан Ӏаш йолу меттиг йохийна хир яцара, цунна мел лерина таӀзар Ас дийр дацара. Амма цунна хӀетте а дерриг а шен гӀуллакхашна тӀехь телхина мел дерг дан лаьара.
8
Иштта, хьежа Соьга, — боху Везачу Эло, — царна дуьхьал тоьшалла дан Со гӀоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тӀегулдар а, пачхьалкхаш тӀегулъяр а, Сайн оьгӀазалла царна тӀе Ӏанорхьама а, Сайн чӀогӀа дералла царна тӀе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цӀаро дерриг а латта дӀакхоллур ду.
9
ТӀаккха Ас юха а халкъашна цӀена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гӀуллакх дайтархьама а.
10
Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доӀа дечара, Ас дӀасадаржийначу халкъо, Суна совгӀаташ дахьар ду.
11
Оцу дийнахь, Сан халкъ, Суна дуьхьал айхьа мел лелийначу гӀуллакхех хьуна эхь хета кхин оьшур дац, хӀунда аьлча оцу хенахь хьуна юкъара шайн кураллех сакъералуш берш Ас дӀабохур бу. Сан безачу лам тӀехь кхин дозаллаш дийр дац ахь.
12
Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу.
13
Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагӀий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».
14
Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоӀ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гӀалин йоӀ!
15
Везачу Эло таӀзар шуна тӀера дӀадерзийна, шун мостагӀа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву — шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза.
16
Цу дийнахь Ярушалайме иштта эр ду: «Ма кхера, ва Цийон! Хьайн куьйгаш гӀел ма далийта!
17
Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кӀелхьардоху тӀемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».
18
Везачу Эло боху: «Билгалдаьхна долу деза денош даздан ца ларийна халахетачарах лаьцна аьлча, царах хӀонс хиллехь а, уьш сийсазбинехь а, Ас уьш юха схьагулбийр бу.
19
Хьуна гӀело мел йиначарна таӀзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагӀа леларш кӀелхьарбохур бу, дӀасабаржийнарш тӀегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гӀарабохур бу уьш сийсазбохучу хӀокху дерриге а лаьтта тӀехь.
20
Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду, оццу дийнахь схьа а гулдийр ду. Ас шу гӀарадохур а ду, лоруьйтур а ду лаьтта тӀера массо а халкъашна юкъахь, Ас шун бӀаьргашна хьалха шун аьтто юхаметтахӀоттийначу хенахь», — боху Везачу Эло.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
All chapters:
1
2
3