bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 John 2
1 John 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
1
Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хӀара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГӀодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Ӏийса — Делан лаамехь Верг.
2
Иза вайн къинош дӀадахаран сагӀа ду. Ткъа и сагӀа, вайн къиношна тӀера тоьъна а ца Ӏаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тӀера тоьар ду.
3
Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тӀедехкина парзаш вай лардаро.
4
Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац.
5
Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю:
6
шен Делаца уьйр ю бохург Ӏийса ма-леллара лела веза.
7
Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац — иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз — Дош ду, шуна хезна долу.
8
ХӀетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хӀунда аьлча бода дӀаболу, ткъа билггал йолу серло хӀинцале а къегаш ю.
9
Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хӀинца а боданехь лела.
10
Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Ӏаш ву — стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца.
11
Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гӀерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хӀунда аьлча цу бодано иза бӀарзвина.
12
Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш, Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела.
13
Ас яздо шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела. Ас яздо шуьга, къонахошка, иблисал шу тоьлла дела.
14
Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а.
15
ХӀара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хӀара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац.
16
ХӀара ду дуьнен чохь мел долу хӀума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хӀуманна бӀаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш — кху дуьненара ма ду и дерриге а.
17
Дуьне а, дуьненан лаамаш а дӀабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.
18
Сан динан бераш! ХӀара кху дуьненан тӀаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогӀур ву аьлла. Ткъа хӀинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хӀара билггал тӀаьхьара зама юйла.
19
И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар.
20
Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа.
21
Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а.
22
Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тӀе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву — стигалара Да а, Делан КӀант а тӀе ца лоцу цо.
23
Делан КӀант къобал ца вечу хӀораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КӀант къобалвечо стигалара Да а къобалво.
24
Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КӀантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю.
25
Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваӀда ду: хедар доцу дахар.
26
ХӀара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дӀахьедан.
27
Амма шу Делан КӀанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу — цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац — иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара.
28
Иштта, сан хьоме бераш, кхидӀа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а.
29
Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хӀора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5