bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 John 3
1 John 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 4 →
1
Хьовсийша, мел кӀоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хӀунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна.
2
Сан хьоменаш! ХӀинца вай Делан бераш ду, амма кхул тӀаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хӀинца а дӀа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.
3
Иштта Цунах сатийсар долуш Ӏаш волчу хӀораммо а ша цӀанво, И санна цӀена хилархьама.
4
Къинош летош мел верг Ӏеса лелаш ву, ткъа къинош летор Ӏесалла ду.
5
Шуна ма хаьа, Иза къинош дӀаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.
6
Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина.
7
Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тӀера шу дӀа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг — Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара.
8
Къа латориг иблисах схьаваьлла, хӀунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КӀант веана цу иблисан гӀуллакхаш дохорхьама.
9
Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хӀух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало.
10
Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.
11
Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу.
12
Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хӀунда вийра цо иза? Шен гӀуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гӀуллакхаш Делан лаамехь долу гӀуллакхаш хилла дела.
13
Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь.
14
Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хӀинца а Ӏожаллин карахь ву.
15
Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла.
16
Амма Ӏийсас вайн дуьхьа Шен са дӀадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дӀадала.
17
Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тӀаккха Делан безам муха хир бу цуьнца?
18
Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гӀуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн.
19
Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай,
20
вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа.
21
Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн.
22
ТӀаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хӀуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна.
23
Ткъа Делан весет ду: Цуьнан КӀант волчу, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах а тешаш, Цо вайна тӀе-ма-диллара, вайна вовшийн дезар.
24
Делан весеташ кхочушдеш верг Делаца ву, Дела а ву цуьнца. Ткъа Иза вайца хилар вайна хаьа, Цо вайна деллачу Синехула.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5