bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 John 5
1 John 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
1
Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хиларх тешаш волу хӀора а Делах схьаваьлла ву. Ткъа динан бераш кхуллуш волу Дела везачу хӀоранна а Делах даьлла долу бераш а деза.
2
Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро.
3
ХӀунда аьлча Деле безам хилар — Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тӀех хала а дац,
4
хӀунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тӀехь толам боккху. Ткъа дуьненна тӀехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу.
5
Ӏийса Делан КӀант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тӀехь толам?
6
ХӀара ву хица а, цӀийца а Веанарг: Дала леррина къобалвина Ӏийса. Иза хица веана а ца Ӏаш, амма хица а, цӀийца а веана ву. Ткъа Делан Сино тоьшалла до цунах, хӀунда аьлча Делан Са билггал долу бакъдерг ду.
7
Кхо теш ву:
8
Делан Са а, хи а, цӀий а. Цу кхааммо а оцу цхьана хӀуманах цхьатерра тоьшалла до.
9
Вай теша адамаша дечу тоьшаллех, ткъа Делан тоьшалла дуккха а нуьцкъала ду. Дала Ша тоьшалла дина Шен КӀантах лаьцна.
10
Делан КӀантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хӀунда аьлча иза Дала Шен КӀантах аьллачух ца теша.
11
И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КӀантаца ду.
12
КӀантаца уьйр йолчун бакъдолу дахар ду. Ткъа КӀантаца уьйр йоцучун бакъдолу дахар дац.
13
Аса хӀара яздина шуьга, Делан КӀантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дӀахаийтархьама.
14
Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хӀума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дӀахезар ду.
15
Вай деххнарг хӀуъа а Цунна дӀахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла.
16
Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тӀаккха цо доӀа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тӀера деха ца боху аса.
17
Муьлхха а харцдерг къилахь ду. Амма валаре далош доцу къинош а ду.
18
Вайна хаьа, ша Делах схьаваьлла волчу цхьаммо а къа ца латадойла. Ткъа Делах схьаваьлла Волчо иза ларво — иблисе зе ца дало цунна.
19
Вайна хаьа вай Делан долахь хилар а, дерриге а дуьне иблисан карахь хилар а.
20
Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!
21
Сан хьоме бераш! ЦӀуйх ларделаш шаьш.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
All chapters:
1
2
3
4
5