bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 John 4
1 John 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 5 →
1
Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХӀунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина.
2
Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Ӏийса, адам санна, веана хилар къобалдо са — Делера ду.
3
Ткъа Ӏийса къобалвеш доцу са — Делера дац, иза — Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догӀур ду аьлла, иза хӀинцале а долуш а ду дуьнен чохь.
4
Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хӀунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул.
5
Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугӀу цаьрга.
6
Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугӀу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугӀу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а.
7
Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хӀунда аьлча безам Делера бу. ХӀора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза.
8
Шеца безам боцучунна Дела ца вевза, хӀунда аьлча Дела Ша а безам бу!
9
Дала Шен вайга болу безам гайтина, Шен цхьаъ бен воцу КӀант кху дуьнен чу а ваийтина, Цуьнгахула вайн бакъдолу дахар хилийтархьама.
10
Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КӀант ваийтира вайн къинош дӀадахаран сагӀа санна.
11
Сан хьоменаш! Далла вай оццул дукха дезаш хилча, вай вовшийн дезаш хила а деза.
12
Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу.
13
Вайн Делаца хилар а, Иза вайца хилар а вайна хаьа, Цо вайх Шен Синан декъашхой дина дела.
14
Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КӀант дуьнен чуьра адамаш КӀелхьардохург санна ваийтина хиларх.
15
Нагахь цхьаммо Ӏийса Делан КӀант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву.
16
Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна. Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву.
17
Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела.
18
Безамца кхерам а бац. Ткъа буьззина бакъболчу безамо кхерам дӀатотту, хӀунда аьлча кхерам гуттар а таӀзарца боьзна хуьлу. Кхоьруш волчун буьззина бакъболу безам бац.
19
Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела.
20
Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХӀунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац!
21
Цо вайна дитина долу весет иштта ду: «Дела везаш верг шен динан ваша а везаш хила веза».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5