bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Timothy 3
1 Timothy 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 4 →
1
Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду.
2
Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза.
3
Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза.
4
Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза.
5
Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш?
6
Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама.
7
Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.
8
Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш.
9
Ӏийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цӀеначу дагца лардан хууш хила беза уьш.
10
Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тӀаьхьа, ала хӀума доцуш уьш цӀена белахь, динан куьйгалхошна гӀо дайта мегар ду цаьрга.
11
Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хӀуманна тӀехь тешаме а хила беза церан зударий а.
12
Динан куьйгалхойн гӀоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тӀехь а, шен цӀа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза.
13
Далла гӀуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан.
14
ХӀара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш.
15
Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу — билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а.
16
Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6