bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Timothy 6
1 Timothy 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
1
Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цӀе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.
2
Шаьш санна Ӏийсах тешачу шайна тӀехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гӀуллакх дан деза цара. ХӀунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Ӏийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.
3
Цхьаболчара харц хьехамаш дӀасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Ӏийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тӀе ца оьцу цара.
4
Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хӀумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагӀ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.
5
Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.
6
Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь.
7
ХӀунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хӀума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хӀума кху дуьнен чуьра вайга дӀадахьалург ца хилар а.
8
Юург а, тӀеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай.
9
Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речӀано лоцу уьш. Оцу хӀуманаша уьш дакъаза а боху, хӀаллак а бо.
10
Массо а тайпана вочу хӀуманан орам — ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тӀаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дӀабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.
11
Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.
12
Тешарца боьзна болчу дикачу тӀамехь хьуьнарца тӀом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тӀеэца гӀерта. Цу дахарна Дала хьо тӀекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.
13
Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хӀуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хӀара тӀедуьллу:
14
ала хӀума доцуш цӀена кхочушбе хӀара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу схьаваллалц.
15
Ӏийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тӀекхаьчча гойтур ду Дала — декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза.
16
И цхьаъ бен вац Ӏожалла тӀейогӀур йоцург. Цхьа а адам тӀекхочийла доцучу нуьрехь Ӏаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.
17
Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тӀедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХӀунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.
18
Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.
19
Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.
20
Ва Тимапи! Дала хьайга Ӏалашдан дӀаделларг ларде. Ӏесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догӀучу хӀуманех а дӀаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду.
21
Цхьаберш, оцу хьекъална тӀаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла. Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
All chapters:
1
2
3
4
5
6