bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Timothy 4
1 Timothy 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 5 →
1
Делан Сино кхеттош схьабоху: тӀаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Ӏийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Ӏехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тӀаьхьахӀуьттур бу уьш.
2
Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна.
3
Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хӀуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Ӏийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург.
4
Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хӀума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тӀеоьцуш делахь,
5
хӀунда аьлча Делан дашца а, вайн доӀанашца а иза Далла хьалха цӀанло.
6
И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика гӀуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тӀаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо.
7
Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дӀататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чӀогӀа къахьега деза.
8
ХӀунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегӀ чӀагӀдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Ӏамар массо а агӀор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хӀинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чӀагӀо.
9
И дош бакъ а ду, муьлххачу а агӀор тӀелаца хьакъ долуш а ду.
10
Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХӀунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Ӏийсах тешаш болчеран, КӀелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша.
11
ХӀара хьехамаш адамашна дӀа а кхайкхабе, хьеха а хьеха.
12
Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Ӏийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цӀена хиларца.
13
Со хьо волчу дӀакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дӀа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха.
14
Хьайгахь долу Делан Синан похӀма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тӀедахкарца а хьуна делла ду иза.
15
И гӀуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама.
16
Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХӀара ас аьлла долу гӀуллакхаш даим а де, хӀунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кӀелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгӀуш берш а кӀелхьарбохур бу.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6