bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Timothy 5
1 Timothy 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 6 →
1
Воккхачу стагана Ӏиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха.
2
Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агӀор догцӀена хила цаьрца.
3
Бисина Ӏаш болу зударий лара — царах билггал бисина Ӏаш берш боху ас.
4
Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Ӏамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза.
5
Билггал цхьа йисина Ӏаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доӀанаш а деш, сих-сиха Деле гӀо доьхуш хуьлу.
6
Ткъа шен дегӀана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю.
7
Царна ала хӀума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш.
8
Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цӀерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Ӏесачу стагал а оьшуш ву.
9
Кхузткъа шарал тӀехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цӀарна тӀехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дӀаязйина йолу йисина зуда.
10
Шен дикачу гӀуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тӀе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гӀуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гӀо а деш, муьлхха а дика гӀуллакх дан а гӀерташ елахь, иза дӀаязъян тарло.
11
Ткъа къона болуш бисина Ӏаш болу зударий ма харжа, хӀунда аьлча шайн дегӀан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло.
12
Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дӀатеттина дела.
13
Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгӀа эха а Ӏема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Ӏаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хӀуманна юкъа а гӀерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш.
14
Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гӀойла а, цара бераш дойла а. Шайн цӀа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Ӏан беза уьш.
15
ХӀунда аьлча цхьаберш хӀинцале а иблисана тӀаьххье харц новкъа бевлла.
16
Нагахь санна Ӏийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Ӏийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Ӏаш болчу зударшна оцу тобанан гӀо дан таро хилийтархьама.
17
Ӏийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тӀехь а, хьехамаш барна тӀехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза.
18
ХӀунда аьлча Делан Йозано хӀара боху: «Оруш болчу стеран бага дӀа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догӀу алапа схьаэца хьакъ долуш ву».
19
Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тӀе ма лаца.
20
Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама.
21
Далла а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хӀара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ.
22
Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве.
23
ХӀинца чул тӀаьхьа, деккъа хи а малий, ма Ӏе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дӀаялийта а жимма чагӀар мала.
24
Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тӀаьхьо бен гучу ца довлу.
25
Иштта дика гӀуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6