bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Timothy 1
2 Timothy 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 2 →
1
Тимапи, хӀара кехат яздо хьоьга ПахӀала. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дӀакхайкхо.
2
Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кӀант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.
3
Дийнахь а, буса а сайн доӀанашкахь хьо дукхазза а дагавогӀуш, сан дайша ма-барра, цӀеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас.
4
Деана долу хьан бӀаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла.
5
Хьо цӀеначу даггара Ӏийсах тешар дагадогӀу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хӀинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан.
6
Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тӀедахкарехула, Дала хьайна деллачу похӀмин алу кхин а йовха ягийталахь.
7
ХӀунда аьлча Дала вайна кӀиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла.
8
Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дӀакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега.
9
Дала кӀелхьардаьхна вай. Цо Шена тӀекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гӀуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Ӏалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика.
10
Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Ӏийса, вай КӀелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хӀинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тӀехь долу Ӏожаллин олалла дохийна Ӏийсас. Ша дӀакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Ӏожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.
11
И хаза кхаъ дӀакхайкхо Ӏийсан векал а, хьехархо а дӀахӀоттийна со.
12
Цундела хӀара массо а баланаш дӀакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тӀедогӀур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.
13
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цӀеначу хьехамех масал а дай, Ӏелахь.
14
Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гӀоьнца ларделахь.
15
Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дӀабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХӀарми-Гена а.
16
Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цӀийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна.
17
Рим-гӀалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна.
18
Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тӀедогӀур долчу оцу дийнахь. Эпас-гӀалахь цо суна мел дина долу дика гӀуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4